Дуьненан тIегIанера говрийн спортан комплекс схьайиллина

Нохчийн Республикехь схьайиллина дуьненан тIегIанера говрийн спортан комплекс. Цунна Закаев Сайд-Хьусайнан цIе тиллина. Комплекс схьаеллар лерина дара Россин Президент Путин Владимир винчу денна.

Комплекс схьаелларан даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, официальни кхечу наха.

Россехь а яц Нохчийчохь йинчу керлачу ипподроме кхочуш ипподром. Цигахь дIахьур ду корматаллин тIегIанехь говрийн спортан дарсаш, говрахь лела Iамор, дикачу хIух йолу говраш Iалашъяр, зер, ткъа иштта, уггаре а лакхарчу тIегIанехь къийсадаларш дIадахьар.

Проектаца билгалйина ю дийнна цхьамогIа гIишлойн комплекс – ветеринарни пункта тIера говрийн тайп-тайпанчу божалшна тIекхаччалц, ипподроман майданна тIера тренировкин манежа тIекхаччалц, говрийн тхов кIелахь йолчу а, йоцчу а бассейнашна тIера административни гIишлонна тIекхаччалц.

ГIишлошъяран уггаре а керлачу технологех пайда а оьцуш бина берриге а белхаш.

«Говрийн спортан комплекс схьайоьллучохь говрийн спорт езачеран аьтто хилира цIеначу хIух йолу говраш хахкаре хьовса. Ипподром схьаелларна лерина дуьххьара говраш хохкуш массарал хьалха елира «СаIадакъ» цIе йолу говр. «Хоумленд Барс» говр туьйлира Россин Федерацин Президент Путин Владимир винчу денна лерина говраш хахкарехь. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина говраш хахкарехь уггаре а хьалха финишан зиле кхечира «Грэйт Виннер» цIе йолу говр. Нохчийн Республикин Куьйгалхо хоржуш дIабаьхьначу харжамашна лерина дIадаьхьначу говраш хахкарехь «Консул Барс» цIе йолчу говре кхочуш цхьа а яцара. ТIаьххьара а, бIаьхаллин сийлаллин гIалин – Соьлжа-ГIалин денна лерина говраш хахкарехь толам баьккхира «Автор» цIе йолчу говро», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кхузаманан ипподром схьаелларца декъалбира республикера а, махкара а берриге а говрийн спортъезархой.

Цо, иштта, дIахаийтира говрийн спорт кхиорехь комплексо мехала маьIна лелориг хиларх ша тешна хилар.

Д.АНАДЕВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: