ШаӀми-Юьртахь берийн беш йина

Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а социальни объекташ ю.

Церан могӀарехь ю ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу ШаӀми-Юьртахь схьайиллина 140 берана меттиг йолу берийн беш.

Бахархоша дийцарехь, берийн беш оцу юьртахь оьшуш йолу дуккха а хан яра, хӀунда аьлча, хӀинццалц цигахь цхьаъ бен хилла йоцу берийн беш, янне а тоьаш яцара, денна а шорлуш, кхуьуш йогIучу юьртана.

Къоман «Демография» проектан гурашкахь йинчу цо белхан 70 меттиг а кхоьллина меттигерчу бахархошна.

2 гӀатт долу берийн беш вовшашца хотталучу корпусех лаьтташ ю: дешаран а, администрацин а корпусаш, спортан а, гуламан а залаш, кхачанан чоь, медицинин дакъа, и.дI.кх.а.

Цул сов, берийн бешан уьйтӀе а хаза кечйина, масех декъе екъна ловзаран майда а йолуш.

А.МУСЛИМОВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: