Дешархошна довзийтира интернета чохь зуламхойх ларваларан некъаш

ТӀехьа-Мартан кӀоштан ГӀуларерчу дешархошна дийцина интернета чохь вербовка ечарах а, зуламхойх а ларваларх лаьцна.

Цаьрца дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара ТӀехьа-Мартан кӀоштан прокуроран коьрта гӀоьнча И.Селимов, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векал В.Вазаралиев, иштта, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Экстремизмаца къийсам латторан туьшан векал, кхиберш.

Прокуратурин векала дийцира экстремизмаца доьзначу зуламашна догӀуш долчу таӀзарх лаьцна, Россин Административни а, Уголовни а кодексийн оцу декъаца боьзна лехамаш билгал а бохуш.

Кхин цхьа мехала хьехар а дира цо дешархошна: законан лехамаш цабовзаро зуламхо жоьпаллах хьалхацавитар.

Экстремизмаца къийсам латторан туьшан векала, масалш а далош, дийцира шаьш бечу балхах лаьцна.

Цо билгалдаьккхира Интернета чохь вербовка йийраш а, зуламхой а дика «психологаш» хилар. Цара мел «хаза» а, «кӀорггера» а хӀуманаш дийцарх сема хилар дийхира цо дешархошка.

Цхьаьнакхетаран коьрта дакъа говзанчаша дешархошна хьехарш дарна лерина хиллехь а, дешархойн а аьтто хилира шаьш сагатдеш долу хаттарш дан.

Цул сов, вовшахтохархоша динчу хаттаршна жоьпаш деллачу дешархошна мехала совгӀаташ а дира.

И.ИСЛАМОВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: