Некъан-транспортан бохамаш

Соьлжа-ГIалин БойсгӀаран (Октябрьски) кӀоштахь некъан-транспортан бохам хилла.

Оцу метте яхначу талламан оперативни тобано чIагIдина, республикин вахархочо, урхаллица ларацавар бахьанехь, шен «Лада-Приора» автомашен электросерлонан бIогIамах тоьхна хилар.

Некъан-транспортан бохам бахьанехь лазийна автомашенан водитель Соьлжа-ГIалин №1 йолчу клиникин больницин травматологин отделене вигна.

Кхин цхьа некъан бохам хилла Грозненски кӀоштахь, «Беркат-Юрт–Соьлжа» некъан 2-чу километрехь… «Митсубуси-Лансер» автомашенан водитела гӀашлочунна машен тӀе тоьхна, шена хиллачу чевнех иза кхелхина.

Къастош ду лакхахь хьахийначу некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а. Курчалойн кӀоштахь, «Ойсхара — Курчалой — Мескар-Эвла» некъа тӀехь, некъан-транспортан бохам хилла — 49 шо долчу меттигерчу вахархочо, дуьххьал йогӀучу машенийн асанна тIе а ваьлла, урхаллица ларацавар бахьанехь, шен «Лада Гранта» автомашен дуьхьал йогIуш хиллачу Дагестанан вахархочун «ВАЗ-217030» автомашеннах тоьхна.

Некъан-транспортан бохам бахьанехь, ший водитель а, иштта, дуьхьал йогӀучу машена чохь хилла ши пассажир а лазийна. Уьш берриге больнице кхачийна.

Гуьмсан кIоштарчу, Энгал-Юьртана йистехь некъан-транспортан бохам хилла — цигахь вовшахкхетта «Хендай Солярис» а «ИЖ-2717-230» машенаш.

Оцу бохамехь «ИЖ-2717-230» машенан водитель а, пассажир а кхелхина, ткъа «Хендай Солярисан» водитель а, пассажир а лазийна.

Нохчийн Республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца къастош ду некъан-транспортан бохам хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а.

А.КАНТАЕВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: