Нохчийн доьзал – иза да-нана, бераш хилла ца Iа. Иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховкIелахь я кертахь Iаш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу.
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а дахарехь стагана уггаре а коьртачех цхьаъ зер а, жоьпалла а ду, хIунда аьлча, Дала Шен сийлахьчу Къуръан чохь боху: «Ша адаме хаттам бийр болуш кхо хIума ду: адамах шех а (цо лелийначух, дийцинчух…), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а».
Ден-ненан доьзал кхиоран жоьпалла дIадолало, бер дуьнен чу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор.
Бер дуьнен чу даьлча, цунна цIе тиллар тIедужу дена а. ЦIе, бен а доцуш, шена дагаеънарг, тилла мегар дац. Ткъа и тайпа бен а доцуш цIерш тахкар нохчашна юкъахь хьалха а нислуш хилла, хIинца а нисло. Цхьа мур беара цхьацца пачхьалкхийн къаьмнийн цIерш тохкуш. Цул сов, дукха яьржинера кхечу пачхьалкхийн куьйгалхойн, артистийн, цIерш.
Оцо гойту вайн цхьаболчу наха стеган цIаро лелош долу маьIна дицдина хилар. ЦIе хазйийриг стеган гIиллакхаш делахь а, стеган кхолламна цуьнан цIаро а мелла а тIеIаткъам бан тарлуш ду.
Цунах кхеташ хиллачух тера ду вайн дай. Ширачу цIерашкахь вайна го нохчийн къоман дуьнене хьежамаш, цуьнан Iаламца болу лерамаш, цунна деза хетта гIиллакхаш, амалш. Масала, дитташца, бецашца, хишца йоьзначу цIераша (Нажа, Шовда, Зезаг, Заза, и.дI.кх.) гойту, халкъан цаьрца йолу сий-лараме юкъаметтиг. Изза маьIна ду олхазарийн, акхаройн, сагалматийн цIеаш адамашна тахкаран а (Леча, Хьоза, Полла, Кхокха, Дода, Барза, Лоьма, и.дI.кх.).
Бусалба дин юкъадарца а, чIагIдаларца а керла дуккха а цIерш яьхкина вайна матта юкъа. ГIиллакх хилла дIахIоьттина берашна пайхамарийн, безачу нехан цIераш тахкар.
ТIаьхьарчу бIешерашкахь, алсамъевлира оьрсийн а, Европана, кхечу къаьмнийн а цIерш. Нохчийн шира цIерш тахкар гIелделира. Советан Iедал чIагIделлачу хенахь цу хьокъехь поэта Хасбулатов Ямлихана яздора:
Борз боху буьрса цIе
Сов кIезиг туьллу вай,
Йовш лаьтта стигларчу
Баьччин цIе — Аьрзу…
ЦIе тиллар беран дена тIедиллина ду, цунна тIера хьакъикъат а дуьйш. Иза бер дуьнен чу даьллачул тIаьхьа, ворхI де даьлча деш хуьлу.
Хьалха, доьзалхо дуьнен чу ваьлча, сагIа даьккхина ца Iаш, говраш хохкуьйтуш а, ловзар деш а гIиллакх хилла.
Бер динчул тIаьхьа. масех дийнахь я кIиранах да гергарчарах, лулахойх бехк лоьцуш, лечкъаш хилла,
Нанас а хилла баккхийчу нахаца г1иллакх х1оттош. Дуьхьал бехке стаг кхетча, шен карара бер охьа а дуьллий, нана букъ берзабой дIахIуттуш хилла. Нахана хьалха шен бер хьастар, каралацар, ур-атталла цуьнан тидам бар а гIиллакхехь дац вайнехан Iедалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да.
Бер кхиъна даллалц цунна мелла а «юьстах» лаьтта да. Амма иза дац дас оцу гIуллакхехь дакъалоцуш ца хилла бохург. Берана цо тIеIаткъам ненехула беш хилла, ткъа нанас гуттар а ден сий а, цIе а ларъеш, кхиош хилла бер.
Да божаберана массо хIуманна тIехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь вевзаш хилла цуьнан гIуллакхашца а, ненан бIаьргашца а. Нохчийн гIиллакхаш лардочу доьзалшкахь бераш дена хьалха охьаховшуш а, цуьнца цхьаьна шуьнера хIума юуш а ца хилла.
Доьзалш г1еххьа баккхий хилча, царна ненехула тIеIаткъам бина ца Iаш, ша хьехам беш а хилла дас, къаьсттина божаберашна. Цунах лаьцна яздо Бексултанов Мусас шен цхьана дийцарехь:
«ВорхI-бархI шо кхаьчна тхо долуш, хIаъ. Цу хенахь дуьйна схьадуьйцура тхуна дас хабарш, тхо наьIара улло хьала а хIиттадой. Цкъацкъа вицлой, чIогIа лоьра тхоьга, шух нах хир дац, хIумма а хир яц шух, бохуш. ТIаккха шен денда вуьйцура. Иштта, берриш а буьйцура цо тхуна, ворхIе да а. «Къа дац ткъа цу нехан, – олура цо, – шайна вонна ала а дош ца дуьтуш чекхбевллачу, цхьа ледара тIаьхье а кхиъна хIаллакьхилча… Ду. Вайн цIе йоккхучу хенахь церан цIераш ма йовлу, хьенеха-минехан кIант олий. Беллачу нехан юьхь лара ма еза. Шен орам бовза ма беза стагана, иза мичара схьабогIу хаа ма деза. Шен гай, дегI лардича, къонаха чекхвер вара баьхна-кх хIума хуучу наха. Гай а хала ма ду. Комаьршо хила ма еза къонахчуьнца… Буй дIабостуш хила беза, хецца дIабостуш. Йоллуш чIир а ца хилча, нисдан дезаш дов а ца хилча, шуна хIун хала ду нах хила. Комаьршой, гIиллаккхий шуьца хилчахьана, шу чекхдевлла-кх…».
Да гуттар а ву тхоьца ишта: оьгIазе а, хьасене а, дера а, кIеда а». (М. Бексултанов. Мархийн кIайн гIаргIулеш, Грозный, 1985).
ХIокху жимачу кийсигехь тидам тIебахийта безаш маьIне масех меттиг ю:
– дас хьехам бо берашна, «дера», «дов деш», хIунда аьлча, дай аьлла хIума беран кхетамо дIа ца лаца тарло;
– дас шен денда а, ворхIе да а хьахаво, берашна, царна хьалха долу жоьпалла довзуьйтуш. Цуьнца цхьаьна дас берашна хоуьйту уьш шайна луург лелон «маьрша» доцийла, царна тIехь дайн сий лардар а дуйла;
– дас билгалдоккху, шена хетарехь, стагана уггаре чIогIа оьшу: комаьршалла а, гIиллакх а, цо иштта стагана уггаре а хала ю аьлла хета киртигаш а (чIир, такха ца даллал доккха декхар).
Iаламат мехала ду ненан бераца йолу юкъаметтигаш цIена хилар. Цунах куьг тухуш «Бисмилла» доккхуш, ламаз карахь а долуш иза некхе хьош, Къуръанан аяташ цуьнан лерехь доьшуш (къулхIанаш, «Фатихьаш» сурат,) кхиош долу бер ийманехь а хир ду, вочу хIонах а ларлур ду.
Нанас бер массо а дикачунна Iамош хилла, цIена лела, ялтин хама бан. «Бепиган цуьрг охьа ма дожаде, цу тIе ког ма баккха; яьгна хIума йиъча, майра хуьлу; еттинчу хьаьжкIан бух биъча, ницкъ болуш хуьлу, бохь биъча, хаза хуьлу; пхьид ен мегар дац, и йийча, етт ле; нуй тоха мегар дац, и тоьхча, ирс дов…», – бохуш, хьехамаш гуттар а беш хилла нанас.
Б.ДУДАЕВА
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо