«Спартак» эшо аьтто ца белира

Россин вовшахтоьхна команда 2022-чу шарахь хин йолчу дуьненан чемпионатехь ловза бакъо йоккхуш Словакин а, Словенин а вовшахтоьхначу футболан командашца ловзучу юкъана садоIуш бу вайн мехкан Премьер-лигин чемпионатехь ловзуш йолчу командийн футболисташ. СадаIа бахале хьалха уьш иттолгIачу турехь левзира.

Вайн «Ахмат» командин футболисташ оцу турехь шайн цIахь, Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Арена» стадионан футболан майданахь, Москварчу «Спартак» командин футболисташца левзира.

ТIедогIуш догIа а долуш, йочане еанера и суьйре. Цуьнга хьаьжжина кхоьлина дара вайн футболистийн ловзар а.

Хьалхарчу таймехь «Спартакан» тIелатаран амалехь долчу ловзарна халла дуьхьало йора цара, наггахь шаьш тIелатар а деш.

Делахь а, хьешийн цхьа тIелатар юхатоха ницкъ ца кхечира хIусамдайн.

В.Гудиевс лардечу вайн командин кевна чу буьрка туьйхира 31-чу минотехь «москвахоша» – 1:0.

ШолгIачу таймехь «Ахмат» мелла а гIоли ловзуш санна хетара. Делахь а, гол тоха аьтто-м ца болура цуьнан футболистийн.

Бакъду, кхиаме кхача аьтто «Спартакан» а ца белира. Ур-атталла, пенальти а ца тохаелира хьешашка. Пенальти тоьхнарг З.Бакаев вара, оцу матчехь жигара ловзарца къаьсташ хилла волу.

Цхьайтта метран билгалонера цо тоьхна буьрка кевна чу ца яхийтира оцу киртигехь тIехдика левзинчу В.Гудиевс.

ЖамI кхин хийца ца луш чекхделира и цхьаьнакхетар. ХIинца пхоьалгIа а ийшира «Ахмат» хIокху шеран чемпионатехь.

Хь.САЙДАЕВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: