Соьлжа-ГӀаларчу Ю.Дешериевн цӀарахчу лингвистикин школехь дуьненаюкъарчу Хьехархочун денна лерина даздарш хилира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса а, цуьнан заместительша а.
Даздаршкахь дакъалоцуш бара республикин кӀоштийн Дешаран урхаллийн куьйгалхой, корматаллин юкъарчу дешаран учрежденийн куьйгалхой, ткъа иштта, школийн директорш, хьехархой, дешаран 2020-чуй а, 2021-чуй а шерашкахь дешаран хьаьрмахь лаккхара кхиамаш баьхна дешаран белхахой.
Министра И.Байсултановс, дешаран хьаьрмин белхахой шайн корматаллин дезачу денца декъалбеш, динчу къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн республикин дешаран хьаьрма кхиор лерринчу тидамехь латтош хилар, хьехархошна къахьега а, дешархошна деша а кхоьллина дика хьелаш хилар.
Хьекъале, дешна тӀаьхье кхиорехь хьехархочо доккха дакъалоцуш хилар билгал а даьккхира.
Вайн республикин дешаран хьаьрма кхиош, еххачу хенахь, хьанал къахьегарна а, шайн балха тӀехь кхиамаш бахарна а цхьамогӀа хьехархошна совгӀаташ дира — Россин Федерацин серлонан министерствон «Россин Федерацин серлонан а, кхиоран а сийлахь белхахо» седа белира дешаран 28 белхахочунна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташ елира елира дешаран 12 белхахочунна.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин цӀарах Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира дешаран 18 белхахочунна, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон совгӀаташ дира дешаран 56 белхахочунна, юьхьанцарчу а, юккъера юкъардешаран а дакъошкахула къахьоьгуш волчу 29 хьехархочунна а совгIат дира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон мидалшца.
Оцу даздаршкахь декъалбира нохчийн меттан а, литературин а цхьамогӀа хьехархой а.
Иштта, А.Мациевн цӀарах йолу «Нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а» аьлла мидалш елира 25 хьехархочунна.
«Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлахь цӀе елира 2 хьехархочунна.
Даздарш хаздира Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин солисташа а, ткъа иштта, кхитӀе а долчу дешаран республикин туьшийн дешархоша а.
З.ХИЗИРОВА
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де