Махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туьшо схьайиллина машенаш маьхза дӀахӀиттайойла.

Кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш йолу иза цхьа эзар машен дӀахӀотторна лерина ю.
Цуьнан чувоьдийла В.Путинан а, Хь.Исаевн а цӀарахчу проспектийн агӀор ю.
«СМАРТ БИЛДИНГ» компанин векалша хоуьйту цу чохь буьйсанна машенаш йита бакъо цахилар.
Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, «Грозный Молл» туьшан хьешашна и машенаш дӀахӀиттайойла маьхза ю.
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де