Марха кхабаран бакъонаш

Марха кхобуш верг хила веза:

а) бусалба: керстанашка марха кхаба алар цхьа а маьIна долуш дац. Делах цатешарна эхартахь Iазап хир ду царна;

аь) кхиъна ваьлла: пхийттара мел ваьллачунна тIехь фарз ду Рамадан беттан марханаш кхабар, иза хьекъал чохь велахь. ХIокху шина бехкамах цхьаъ тоьаш ца хилча, фарзаш тIехь ца хуьлу. Бакъду, берашна ворхI шо дуьзчахьана, марха кхаба Iамор а, марздар а дика ду;

б) марха кхабар ца магош долчу хIуманех я дохон магош долчарех маьрша.

Марха кхабарна дуьхьало еш дерш:

а) марха кхабар тIехь дац дог вон хилла кхетамчуьра ваьллачунна а, хьераваьллачунна а. Нагахь маьркIажа хан хилале цунна гIоле хилахь, йисина йолчу хенахь марха кхаба деза;

аь) марха кхаба ца мега шайн зударийн лазар (хьийз я нифас) долчу зудчунна а.

Марха дохон магош долу бахьанаш:

а) марха кхобуш волчунна чIогIа зен дийр долуш йолу цамгар я чIагIлур долуш долу лазар. Нагахь оцу лазарх валарна кхерам белахь, марха дохор важиб (декхар ду);

аь) езткъе кхоъ километр я цул бехачу новкъаваьлла хилар. Хьанал долчу гIуллакхна новкъаваьлла  хила веза. Нагахь марха а лаьцна, цул тIаьхьа новкъаваьллехь, оцу дийнахь долу шен марха дохо мегар дац. ХIокху хьахийначу шина бехказлонан делил (тоьшалла) Лекхаволчу Делан дош ду: «Цомгаш верг, новкъахь верг (ша дохийна марханаш) кхечу деношкахь кхабар ду цунна тIехь…».

(Аль-Бакъарат,185).

б) кхаба гIора цахилар: къаналлин я гIоле хиларх догдиллина долчу

(хронически) лазарна кхаба ницкъ цатоар.

ХIокху шина бахьаница дисина долу марха доькхуш кхаба ца деза. ХIора ца кхаьбначу мархина дуьхьал цхьа кана ялта мискачу нахана сагIина лур ду.

Лекхаволчо ма-аьлла: «Марха ца кхабалучарна тIехь ду къен-мискачунна, хIора ша дохийначу мархин цIарах, фидъят (Iибадат дайдарна Делан дуьхьа луш долу сагIа) далар, шен лаамехь диканиг (сагIа, хьахийначу барамел) сов делларг – и цунна дика ду…»

(Аль-Бакъарат,184).

SANYO DIGITAL CAMERA

Марха кхабаран коьрта ши рукна

ХIара ши рукна (дакъа) кхочуш хилча бен марха хуьлуш дац:

1 – нийят,

2 – сатесначу хенахь дуьйна малх чубуззалц, марха дохош долчу хIуманех юхавалар.

Хьалхарниг – нийят дар

Нийят – иза марха кхаба лаам хилар ду, лааман меттиг дог ду. Маттаца нийят аларх тоьаш дац, дагчохь ца хилча. Делан салам хиларо ма аьлла: «Баккъал а Iамалш нийяташца ю».

(Аль-Бухари, Муслим).

Рамадан беттан мархин нийятан лардан дезаш шен хьелаш ду:

Буьйсанна дина хилар

Нийят Iуьйранна сатасале дина хила дезаш ду.

Иштта ца дича нийят а, марха а хир дац. Делан салам хиларо ма аьлла: «Мархин нийят буьйсанна сатасале ца динчун марха хир дац».

(Ад-ДаркъутIний, Аль-БайхIакъий).

Билгалдаккхар

«Ас нийят ди марха кхаба» аьлча кхачо яц. «Ас нийят ди хIокху шеран Рамадан беттан фарз марха Делан дуьхьа кхаба», – аьлла, билгалдаккха деза шен нийят. Элчано (Делера салам-маршалла  хуьлда цунна) ма аьлла:

«Баккъал а хIора стагана ду цо дагалаьцнарг».

(Аль-Бухари, Муслим).

Карладаккхар

ХIора мархина шен-шена нийят дан деза. Баттана цхьа нийят дича кхачо хир яц. Рамадан беттан марханаш цхьа Iибадат хилла ца Iа, хIора марха а къаьстина Iибадат ду.

Марха дохош дерш:

ШолгIаниг – марха дохош долчу хIуманех юхавалар ду.

даар а, малар а

Хуъушехь хIума яар а, малар а марха дохош ду.

Амма марха хилар дицделла йиънарг а, мелларг а, иза мел дукха елахь а, марха духуш дац. Делан салам хиларо ма аьлла: «Шен марха долуш, вицвелла хIума йиънарг я мелларг – цо шен марха кхочушдойла, баккъал а АллахI ву цунна яийнарг, малийнарг».

(Аль-Бухари, Муслим).

Кийра хIума кхачар

БIаьрго лаццал гуш йолу хIума чекхйолийла йолчуха чекхъяьлча, лергахула коьртачу молха дожор, масала, я легашкахула чуьйраш чу, я ахкарг чу коча молханах, масала, хIума кийра кхачийча марха духуш ду. Амма вицвелла динехь, духур дац марха.

Иштта марха ца духу дилхах я пхенах маха тоьхча а, бIаьрга молха ладийча а, цигахь нуьцкъах тоьхнарг бен хIума чекх йолийла доцу дела.

Цхьаболчу Iеламнаха пхенах маха тоьхча марха доьхна лерина.

Кийра моза я чуьрк иккхича а, я некъан чан яхча а духур дац марха, царах ларвалар чIогIа хала хIума долу дела.

ЦIена туй даарх духур дац марха, лардан чIогIа хала хIума ду иза а. Бакъду, доьлаш цIий долуш делахь, бага хи кхаьрзина а доцуш, туй цIандаллалц цIий кийра дахча марха доьхна лоруш ду.

Бага а, мерчу а хи ца хиллехь. Амма ламаз оьцуш кхорзуш, и хи ца хууш кийра эккхахь марха духур дац, и болх ламаз оьцуш волуш хи кийра кхачахь, марха доьхна лору, марха долчунна, ша ламаз оьцуш хи легашка кхачийтар дихкина долу дела, цамагийнарг цо шегара далийтарна.

Юучух хIума цергашна юкъахь йисича, иза дIа ца яккхалуш, цунах туйнаш девлла кийра дахча, марха духур дац. И хIума дIа ца яккхалуш холчухIоьттина йиъча а, марха духур дац, шен лаамехь хIума иза доцу дела.

Лаамца долу Iеттор

Шен лаамехь долу Iеттор марха дохош ду, цунах юханехьа кийра хIума ца яхча а. Амма ца луъушехь Iеттор – иза марха дохош дац, юханехьа цунах кийра хIума яхча а. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Марха долуш верг лаамаза Iеттийча, цунна тIехь дац иза доькхуш кхабар, нагахь и шен лаамехь Iеттийнехь, цо марха доькхийла».

(Абу-Давуд, Ат-Тирмизи).

Зудчух кхетар

Хуъушехь (вицвелла воцуш), лийчар тIедужучу кепара, зудчух кхетар марха дохош ду. Вицвалар а доцуш, гIан-набарца а доцуш долу, кхидолу, лийчар тIедожош долу хIуманаш марха дохош ду.

d180d0b0d0bc

Зударийн цамгарш

Хьайз а, нифас а олу зударийн цамгарш а марха дохош ю.

Хьекъалчуьра валар, динах валар хIара ши хIума, Iибадат (Далла гIуллакхдар) тIерадоккхуш ду.

Сатасаран а, малх чубузаран а хенаш билггал хууш хила а веза марха кхобуш верг. Iуьйра ламазан хан хIинца а хилаза ю моьттуш марха дохош долчу хIуманех цо цхьаъ динехь, цул тIаьхьа ша гIалатваьлла хилар цунна хиъча марха доьхна ду, декха дезар ду. Оцу дийнахь Рамадан беттан лерамна, марха дохош долчу хIуманех юхаваьлла а 1ийр ву иза.

Иштта ду маьркIажа хан хилла моьттуш хIума а йиъна, цул тIаьхьа хан хилла цахилар билгалдалар а. И марха а доьхна ду, декха дезаш ду.

Марха кхабарехь долу суннаташ

Марха кхобуш волчо лардан дезаш долу мархин гIиллакхаш:

МаьркIажа хан ма-хилли марха дастаран сихо яр ду мелехь. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша маьркIажа ламаз дале марха достуш хилла. Иштта Делан салам хиларо аьлла: «Адам диканах хедар дац уьш марха дастарна сихо еш мел бу».

(Аль-Бухари, Муслим).

Иштта мелехь ду марха керлачу хурманца дастар, и яцахь якъийначу хурманца, иза а яцахь – хица.

Iуьйкъанна рицкъанах кхетар

Йиънарг дукха елахь а, кIеззиг елахь а, цхьа хин къурд бен ца бинехь а суннат кхочуш хуьлу. Делан салам хиларо аьлла: «Баккъал а Iуьйкъанна юучу хIуманца беркат ду».

(Аль-Бухари, Муслим).

Iуьйкъанна хIума яар тIаьхьататтар

Iуьйкъанна хIума яар тIаьхьататтар мелехь ду, марха кхобуш волчун гIора ца эшийта. Iуьйкъанна хIума йиъна валарний Iуьйра ламазан ханний юкъа шовзткъе итт аят дешшал хан йоьлча дика ду. Делан салам хиларо аьлла: «Сан уммат диканах хедар ма дац, цара марха дастарна сихо мел йо, Iуьйкъанна хIума яар тIаьхьа мел тотту».

(Имам-Ахьмад).

Къадолчу хIуманех шен мотт ларбар

Лерах, пуьташ боттарх, гIийбат дарх, мотт-эладита лелорах ларвалар. Безамца зударшка хьежарх, эшаршка ладегIарх ларвалар. ХIара белхаш динехь иштта а хьарам бу, амма марха долчунна кхин а чIогIа къилахь ду хIорш. ХIокху хьарам белхаша марха доха ца дахь а, цунах йолу ял дIайоккху. Элчано аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Харцлер, харцо лелор дитина воцург – Далла оьшуш дац иза юучух, молучух хадар». (Аль-Бухари). Шена лийчар тIехь дерг, сатасале лийчар.

Наб кхетта лийчаза висинчунна марха дохо бакъо яц бохург ду иза. Делахь а, Iуьйра ламазан хан а, цуьнца цхьаьна хоттаелла йолу мархин хан а тIекхачале лийчар важиб ду цунна.

ЦIубдаршца а, пхонах а цIий даккхар дитар

ХIорш а, хIорш санна дерш а, марха кхобуш верг, гIелвеш долу хIуманаш дитар мелехь ду.

Марха достучу хенахь хIара дешар «АллахIумма лака сумту, ва бика аманту ва Iалайка таваккалту ва Iала ризкъика афтIарту» (я АллахI, Хьан дуьхьа кхеби ас марха, Хьоьга ийман а диллина, болх хьуна тIе а биллина, Хьан рицкъанца даста а даьсти), бохург ду иза.

Хьайн кхачанца нахе марха дастийтар

Иза дастийтинчунна кхаьбначунна йоллу ял ю, кхаьбначун йолах хIумма а эшор доцуш, – аьлла ду Тирмизис гучудаьккхинчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь. Нахана яахIума яла аьтто боцучо, цаьрга хурманца я хица марха дастийтича мегар ду.

СагIа далар, Къуръан деша Iамор, дешар

Рамадан баттахь къаьсттина мелехь ду Къуръан дешар, Iамор, сагIанаш далар дукха дар. Анаса дийцина, Дела резахуьлда цунна: «Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина хилла: «ХIай Делан Элча, сагIанах уггаре а сийлахь дерг муьлхарниг ду?». Делан салам хиларо аьлла: «Рамадан баттахь делларг ду».

(Ат-Тирмизи).

Иштта мелехь ду иIтикаф дар (маьждигехь Iамал еш сацар), къаьсттина Рамадан беттан тIаьхьарчу итт дийнахь-бусий.

Марха кхабарехь карахIат дерш (ца деш дитича мелехь дерш)

Суннаташца цхьаьна ца догIурш – карахIаташ ду: марха дастар  т1аьхьатеттар я 1уьйкъанна х1ума яар дукха хьалха дар масала, царах цхьадерш хьарам ду: гIийбат дар, мотт-эладита лелор, харцдош, харцтоьшалла, уьш санна дерш.

Веза-Сийлахь волчу Дала (С.Т.)  бусалбанийн марханаш къобалдойла.

С.МУРТАЗАЕВ  

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: