Республикерчу школашна керла 63 транспорт ялийна, шайна юкъахь 62 микроавтобус а, 1 автобус а йолуш.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса билгалдаьккхина дешаран учрежденийн автопарк тӀеюзарехь гӀо-накъосталла деш Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар.
Министра дийцина и техника чӀогӀа оьшуш хилар – школашка а, культурин а, спортан а, дешаран а мероприятешка а дешархой дӀасабигарна.
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де