QR-кодаш (я кехатан тоьшаллаш) а, мӀаьжигаш а лелор тӀедожийна бахархошна

Бахархошкахь, карарчу беттан 11-чохь дуьйна, COVID–19-на дуьхьал вакцинаци яран QR-кодаш (я кехатан тоьшаллаш) а, мӀаьжигаш а хила езаш ю:
— Юкъараллин транспортах пайдаоьцуш;
— Культурин а, самукъадаккхаран а, махлелоран а, кхачанан а туьшашка боьлхуш;
— Хьашташ кхочушдаран хьукматашка боьлхуш;
— Дукхахьаштийн туьшашка (МФЦ) боьлхуш;
— Финансийн а, кредитийн а организацешка боьлхуш.

И лехамаш, респираторан вирусийн инфекцешца а, коронавирусан инфекцица а доьзна хьал чолхе даларца доьзна, Нохчийн Республике коронавирусан инфекцина чуяр а, яржар а цахилийтаран кадечу штабо юкъабаьхна.

Цул сов, кинотеатрийн а, театрийн а, концертийн а залашкахь, спортан мероприятешкахь 50 процентал сов хьовсархой хилар а, яккхийчу залашкахь 500 сов хьажархо хилар а дихкина.

№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: