Нохчийчоьнан Правительствехь хийцамаш бина

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира министрийн кабинетан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира регионан Правительствехь хийцамаш баран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима бовзийтира тайп-тайпанчу даржашка хьалхатоттуш болу нах а, ткъа иштта, правительствон структурехь бан лерина хийцамаш а.

Кадыров Рамзана къобалдира керла ши ведомство – кегийрхойн гIуллакхашкахула министерство а, физически культурин а, спортан а министерство а кхоллар. Хьалхарчу министерствона коьрте – Ибрагимов Iийса, шолгIачу министерствона коьрте Дадаев Муса хIоттийна.

Цул сов, республикин культурин министр хIоттийна Кадырова Iайшат. Ткъа бахамаллин а, лаьттан а юкъаметтигийн министран даржехь чIагIвина Ибрагимов Турпал-Iела.

Цуьнца цхьаьна, Россин Пачхьалкхан Думин депутат хилла Селимханов Мохьмад вице-премьер а, мохк а, экономика а кхиоран, махлелоран министр хIоттийна.

Иштта, социальни гIуллакхашкахула вице-премьер хIоттийна Дааев Хож-Бауди. Хьалха а санна, финансийн министерствона куьйгалла дийр ду Тагаев Султана.

Кадыров Рамзана Правительствон керла декъашхой декъал а бира, царна хьалха цхьамогIа декхарш а хIиттийра, экономика а, социальни дакъа а тешам боллуш кхиорна кхачоярца доьзна долу.

Цо иштта дIахаийтира шайна белла тешам цара ларбийриг хиларх ша тешна хилар.

«Экономикехь а, социальни декъехь а долу хьал Россехь, дерриге а дуьненахь а санна, сиха хийцалуш ду. Замано хьалхахIиттош долу муьлхха а декхарш сихха кхочушдан кийча хила деза вай. Вайна хьалхалаьтташ вуно чолхе а, жоьпалле а декхарш ду. Коьртачарах цхьаъ ду экономика тешам боллуш кхиор. Лаьа шун аьтто хуьлийла. Тешна ву халкъан сатийсам аш кхочушбийриг хиларх», – элира цо.

Иштта, Кадыров Рамзана кхеташонехь вовзийтира юкъараллин а, экономикин а кхерамзаллин Советан председателан керла заместитель Усмаев Вахит.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хьалхара декхар тIе а диллира цунна оццу кхеташонехь – республикин хьуьнан бахамца тIаламе юкъаметтиг хилийтарца доьзна долчу гIуллакхашна тIехь леррина терго латтор.

Цу тIехь кхеташоно шен болх чекхбаьккхира.

Д.ПАШАЕВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: