Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шен доьзалца цхьаьна хилира Ӏапалгийн (дельфинаш) шоун керла мур дӀаболочохь.

Шоу вовшахтоьхна «Соьлжа-ГӀалин дельфинари» могашалла тояран-самукъадаккхаран комплексан коьртачу директора Кадырова ХутӀмата.
Регионан Куьйгалхочо яздина ма-хиллара, Соьлжа-ГӀалахь дӀатаръелла зевне цӀераш йолу кхо Ӏапалг – Колдер, Лаки, Аврора. Уьш Сочи гӀалара ялийна.
«ХӀинца хӀара дельфинари церан керла цӀа хилла дӀахӀуттур ду. Кхузахь уьш дика Ӏалашйийр ю, ткъа цара берийн самукъадоккхур ду, шайн бӀаьрлачу номершца! Дуьненан Ӏилманчаша хӀинца а кхоччуш теллина дац Ӏапалгийн хьуьнар, башха кхетам, амал. Билггал хууш ду адамашна Ӏапалгаш чӀогӀа пайде хилар. Церан гӀоьнца дуккха а цамгаршна дарбанаш леладо. Ӏапалган терапи олу цунах. Оцу башхачу дийнаташца некадаро, ловзаро дика тӀеӀаткъам бо, дарба а до стагана. Лоьрийн молханел гӀолехь а хуьлу иза», – яздо Р.Кадыровс.
Кегийчу а, баккхийчу а хьовсархойн самукъа а доккхуш, Ӏапалгаша керла мур дӀаболийра къеггинчу шоу-программица.
Цара шайн акробатин говзалла а, хуьнар а гайтира.
Дельфинарехь хилла деза де кхин а чIогIа къагийра концертан шовкъечу программица.
Цигахь шайн говзаллаш гайтира Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин а, къоначу хьажархочун театран а артисташа.
Даздаран хьал кхин а хаздира пелхьочо. Концертан программа ерзош, цигахь дакъалоцуш хиллачу хьешашна шатлакхо стигал бес-бесарчу цIерашца серлайоккхуш гира.
«Ас баркалла боху «Соьлжа-ГIалин дельфинари» могашалла меттахIотторан-самукъадаккхаран комплексан коьртачу директорна Кадырова ХутIматана. Цо вуно боккха болх бина республикин бахархошна а, хьешашна а тоххарехь езаелла хилла Iапалгийн шоу Соьлжа-ГIалахь юха а хилийтархьама. Со тешна ву дельфинари юха а доьзалца цхьаьна садаIа мел луучеран уггаре а дукхаеза, уггаре а дика евза меттиг хилла дIахIуттург хиларх. Хьомсара доттагIий, тхо шуьга хьоьжуш ду!», – яздина Р.Кадыровс.
Д.АНАДЕВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де