Макаева Хьава – «Халкъан хьехархо» номинацин толамхо

«Россин шеран хьехархо – 2021» Ерригроссин конкурсан Viber майданахь халкъо кхажтасарехь толам баьккхина Соьлжа-ГӀалин №7 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочо Макаева Хьавас.

Оцу толамца къона хьехархо декъалйина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса шен а, вайн махкарчу хьехархойн юкъараллин а цӀарах.

«Россин шеран хьехархо – 2021» Ерригроссин конкурсехь дакъалоцуш йолу вайн республикин векал, Соьлжа-ГӀалин №7 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Макаева Хьава Россин тоьллачу 15 хьехархочунна юкъа а кхаьчна, цул сов, Viber майданахь электронни кепара дӀадаьхьначу кхажтасарехь «Халкъан хьехархо» номинацехь толам а баьккхина цо», — яздина министра.

Макаева Хавас 2009-чу шарахь тӀехдика доьшуш (цӀечу аттестатаца) чекхъяьккхина Соьлжа-ГӀалара №25 йолу школа.

Иштта, 2013-чу шарахь цӀечу дипломаца чекхъяьккхина ГӀебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетан социальни-гуманитарни институт а.

2020-чу шарахь дуьйна Хьава Пачхьалкхан жамӀийн экзаменашкахь оьрсийн маттехула долчу декъан таллам баран экспертийн комиссин декъашхо а ю.

Иштта, Дешаран а, Ӏилманан а министерствон Дешар кхиоран институтехь литературин декъехула тьютор ю иза.

ТӀаьхьарчу шерашкахь цо жигара дакъалоцура хьехархойн хьуьнарш зуьйш дӀахьочу хӀора а конкурсехь.

Ша кIорггера хаарш долу, похӀме а, говза а хьехархо хиларе терра, Хьавас юьхькӀам хуьллучу агӀор дакъа лецира «Россин шеран хьехархо – 2021» конкурсехь.

Цуьнан кхидӀа а толамаш хир бу аьлла тешна ву министр.

«Йоккха кхане йолчу хьехархойх ю Хьава. Вайн тоьллачу хьехархошца цхьаьна цо юха а хийлазза дакъалоцур ду регионан а, федеральни а тӀегӀанашкахь дӀахьочу конкурсашкахь», – яздо И.Байсултановс.

Керла къовсамаш а, рогӀера толамаш а хуьлда хьан, Хьава! Дала тIаьхье беркате йойла!

З.ЯХЪЯЕВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: