Нохчийн Республикехь дуьххьара М.Ю.Лермонтовн цӀарахчу пачхьалкхан оьрсийн драмин театрехь «Россин къоман «Кострома» шоу» спектакль гайтира Оьрсийн къоман балето.

Гастролаш вовшахтоьхнера «Кострома» оьрсийн къоман балето «Духовное здоровье нации» социальни-гӀоьналлин а, Костроман областан «Культурин денош» а проектийн гурашкахь.
«Россин къоман «Кострома» шоу» программехь дакъалоцуш 50 сов артист вара. Оьрсийн къоман культурин ламасташ лардеш хӀоттийна яра спектаклан хӀора а номер. Кхузаманан технологех шуьйра пайдаоьцуш хӀоттина яра программа.
Балетан труппо шеца беана мохь 10 тонна бу. Оцу юкъахь 600 сов къоман костюм а, 300 реквизитийн коьчал а, авторийн видеопроекцеш а, спектаклана «спецэффект» кхуллуш болу кхин а дуккха а гIирсаш а бу.
Юьйцуш йолу шоу Соьлжа-ГӀалахь дуьххьара гайтина ю. «Духовное здоровье нации» проектан гӀоьнца оцу спектакле маьхза хьовса аьтто хилира доьзалехь алссам бераш долчеран а, таронаш ледара йолчеран а, могашалла ледара йолчеран а, пенсионерийн а.
«Россин къоман «Кострома» шоу» шайн спектаклаца 27 пачхьалкхехула 45 тур ян ларийна – Европин пачхьалкхашкахь, Чинехь, Кубехь.
КхидӀа а Россин Федерацин культурин министерствон а, Костроман областан администрацин а гӀоьнца дӀахьош йолу хелхаран историн-этнографин спектаклан «Россин къоман «Кострома» шоу» гастролаш Россин Федерацин 7 субъектерчу гIаланашка кхочур ю. Уьш ю: Волгоград, Ярославль, Иваново, Сочи, Чебоксары, Казань, Йошкар-Ола, Санкт-Петербург, Тюмень, Улан-Удэ, Иркутск, Чита, Красноярск, Новосибирск – гӀаланаш.
«Россин къоман «Кострома» шоу» историн-этнографин спектакль – историн къеггина бахам, сурт ду.
Историн хиламаш хронологин рогӀехь гойту, дукхакъаьмнийн Россин халкъийн хелхарийн шатайпаналла гойту оцу спектакло. «Россин къоман «Кострома» шоу» халкъан ламасталлин хореографин жанрехь болх беш йолу тоьллачу говзанчех лаьтташ коллектив ю.
Костроман областан хилла ца Ӏаш, ерриге Россин а культурин бахам бу. Балетан президент а, продюсер а ю Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо Царенко Елена, Исбаьхьаллин куьйгалхо а, коьрта балетмейстер а ву Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо Царенко Юрий.
Ткъа вайн республикехь хилла йолу гастролаш Нохчийн Республикин культурин министерствон а, Россин Федерцин культурин министерствон а гӀоьнца дӀаяьхьира Росконцертан «Яккхий гастролаш» программин гурашкахь.
З.ХИЗИРОВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де