Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочун тIедилларца, Соьлжа-ГӀалахь йолчу «Идеал» туьшан кертахь Iамораш хилира.

ЦӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Ӏалашонца вовшахтоьхна дара уьш.
Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо, цӀе а яьлла, гӀишло ю йогуш, аьлла хаам барца. Цул тӀаьхьа, дукха хан ялале, Соьлжа-ГӀалин цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран гарнизонан белхахой дIакхечира цига.
Церан ши Ӏалашо яра – бохамехь лазийна стаг гӀишло чуьра араваккхар а, цӀе дӀаяйъар а. И гIуллакх сиха а, бакъонаш ларъеш а, нийса а дан дезара.
ЦӀеяйъархоша, цкъа хьалха, «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна цхьа а вуй хьоьжуш.
Цара дукха лерина йоккхура хIора а гIулч. «Лазийнарш» кхачанан чоь чохь карийра.
ЦӀеяйъархоша, лазийнарш, садоӀуьйту леррина башлакхаш а техкина, ара а бохуш, дIаболийра шайн болх. ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна.
И бахьанехь, цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахоша садаӀар лардеш долу леррина духарш а дуьйхина бора болх, цул тӀаьхьа цӀе дӀаяйъира.
Ӏамораш дӀахьочу хенахь, цӀеяйъархоша тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, иштта, цӀеяйъаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира.
Оцу Iаморашкахь дакъалоцуш 70 белхахо а вара, иштта, 18 леррина техника а яра.
Бохам тIехIоьттинчохь сиха гIо дан шаьш кийча хилар а, шайгахь хьуьнар-хаарш хилар а гайтира МЧС-н белхахоша.
А.КАНТАЕВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де