«Цхьана суьртан истори» фильм тоьлла В.Шукшинан фестивалехь

Алтайхь дӀаяьхьначу В.Шукшинан Ерригроссин кинофестивалехь нохчийн режиссеран Магомадов Русланан «Цхьана суьртан истори» фильм тоьлла.

Цул сов, кинофестивалан жюрин сацамца оцу фильмана «Тоьлла божарийн роль» совгӀат а дина.

Билгалдаккха догIу, хIара дуьххьарлера совгIат дац «Цхьана суьртан истори» фильмана делларг.

2020-чу шарахь Германехь (Hof International Film Festival), 2021-чу шарахь Иорданехь (Karama Human Rights Film Festival), 2021-чу шарахь Индехь (International Film Festival of India), иштта, Россин дуккха а кинофестивалашкахь совгIаташ даьхна оцу фильмо.

Нохчийчохь тIом болчу хенахь, нанас машаре дахар лоьхуш, Францин пачхьалкхе дIавигначу, цигахь хьалакхиъначу, шен корматаллица гIараваьллачу суртдиллархочух лаьцна ю фильм.

Коьрта турпалхо ша воккха хилча, мацах цкъа бераллехь ша дуьххьара диллина сурт схьалаха, шен махка цIа вогIу.

Съемкаш Нохчийчохь, Москвахь, Парижехь, ГIалгIайчохь, ГIебартойн-Балкхаройчохь, Абхазехь яьхна.

Фильман продюсер Изиев Зелимха ву. Ткъа коьрта ролаш ловзийнарш киноактераш Орцуев Изнаур, Бавыкин Евгений ву.

Иштта, оцу фильмехь шен тIаьххьара роль ловзийна Россин Федерацин хьакъволчу артиста, Нохчийн Республикин сийлахьчу вахархочо Омаев Дагуна.

Кинофестивалан шолгӀачу дийнахь Алтайн мехкан Культурин музейхь Шукшинан кинофестивалан толамхойн седарчийн аллейхь «Цхьана суьртан истори» фильмана а, цуьнан режиссерана а лерина мероприяти хилира.

«Со воккхаве, тхан фильмана кинофестивалан коьрта совгӀат дарх. Со чӀогӀа дика тӀелецира кхузахь. Хьовсархошца къамел дар а хилира сан. Дика дагалецам бисина сан оцу цхьаьнакхетарех. Кестта, дукха нехан аьтто хир бу аьлла хета суна «Цхьана суьртан истори» фильме хьажа», – бохура Р.Магомадовс.

Карарчу хенахь керлачу проектаца болх беш ву Руслан. Цуьнан съемкаш Нохчийчохь дӀахьур ю.

Шукшинан кинофестиваль 1999-чу шарахь дуьйна дӀахьош ю.

Дуьненахь а вевзаш хилла волчу СССР-н актеран а, режиссеран а, яздархочун а Шукшин Василийн махкахь Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин Федерацин кинематографистийн союзан а гӀоьнца дӀахьош ю Россехь коьрта лоруш йолу Шукшинан кинофестиваль.

ХӀокху шарахь кинофестивалан конкурсан программин гурашкахь хьовсархойн таро хилира исбаьхьаллин йоккхачу 11 фильме а, йоцачу метражан 15 фильме а хьовса.

З.АХЪЯДОВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: