Гуьржийчуьра нохчийн къаной – Соьлжа-ГIалахь

Гуьйржийчуьра хьеший хилира республикерчу цхьаццайолчу, шайна тIе боккха  тидам  бохуьйтучу меттигашкахь, цара дагна  там хиларца билгалбехира хIокху тIаьхьарчу шерашкахь хилла баккхий хийцамаш. Уьш чIогIа тамашбеш бара республикехь  шайна гинчу суьртах.

Гуьржийчуьрчу нохчийн къаноша дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментехь  хиллачу  «Кавказехь къаьмнашна юккъера машар чIагIбар» аьлла йолчу темина хиллачу «горгачу стоьлехь».

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментан директора Дадаев Ризвана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун  хьехамчас, А.Хь.Кадыровн цIарах йолчу «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама,  региональни  юкъараллин  «Нохчийн Республикин  къанойн Совет» организацин председатела Ахмадов Сайд-Iабдуллас, Гуьржийчохь бехачу  Нохчийн къанойн  Советан делегацин  декъашхоша.

Нохчийн къанойн делегаци Соьлжа-ГIала еана доттагIаллин уьйраш чIагIъяр а, ткъа  иштта бахархой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь  кхетош-кхиоран къоман политика дIаяхьарехь цхьаьна гIуллакхаш дар, гIуллакхаш дийцаре  даран а Iалашо йолуш.

Р.Дадаевс ша динчу къамелехь  билгалдаьккхира Гуьржийчуьра нохчийн къаной Соьлжа-ГIала бахкар массарна а пайдехь хилар. Гуьржийчуьрчу нохчаша дуккха а гIуллакхаш до кегийрхой халкъан гIиллакхаш, ламасташ лардеш, шайн историн  а, культурин а сий деш кхетош-кхиорехь. Р.Дадаевс хаийтира Гуьржийчуьрчу Нохчийн къанойн Советана  муьлхха а гIо дан департамент кийча хилар. Иштта билгалдаьккхира  кегийрхой  ийманехь, гIиллакх-оьздагаллехь  кхетош-кхиоран, къаьмнашна юккъехь машар, барт Iалашбаран гIуллакхаш Нохчийн Республикехь  хьалхарчу меттехь  хилар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу гIуллакхашна тIехь ша  хаддаза терго латтош хилар а.

Цхьаьнакхетарехь иштта къамел  дира «Некъ» телерадиокомпанин директора А.Шахидовс. Цо хаийтира  Гуьржийчуьрчу вежаршна эшахь,  кегийрхой  ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь  кхетош-кхиоран хьокъехь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йолу  аудио-видео,  зорбанан материалаш  яла шаьш кийча  хилар.

Цул тIаьхьа къамел динчу Гуьржийчоьнан Нохчийн къанойн Советан правленин Председатела Гумашвили Заурбека  воккхаверца дийцира Нохчийчохь хиллачу баккхийчу хийцамех, йинчу яккхийчу гIишлойх, нохчийн вежарийн дахар токкхе, маьрша, синтеме  хилийтарна дечу гIуллакхех лаьцна. Оцу дерригено а дагна  чIогIа там бо. Цо иштта дийцира шайн къанойн Советан балхах лаьцна,  йовзийтира шайн  организацин балхахь нислуш йолу новкъарлонаш.

З.Гумашвилис хаийтира  вовшашна зеделларг  довзийтаран а, кегийрхой  ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран декъехь хаарш лакхадахаран  Iалашонца иштта цхьаьнакхетарш  кест-кеста дIадаьхьча шена пайдехь хирг хилар.

Цхьаьнакхетарехь иштта къамелаш  дира оцу  Советан декъашхоша Цатишвили  Хьасана а, Хангошвили Зеламхас а. Цара  дийцира къаьмнашна юккъера а, динашна юккъера а юкъаметтигаш чIагIъярехь  а, кхидолу мехала гIуллакхаш кхочушдарехь а Iеламнаха  а, къаноша а доккха маьIна  лелош хилар.

С.ЛАЛАЕВ   

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: