Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис цхьаьнакхийтира вайн махкахь бевзаш болчу нохчийн меттан Ӏилманчашца, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а Советан декъашхошца, Нохчийн меттан институтан белхахошца.

Оцу цхьаьнакхетаран хьокъехь И.Байсултановс инстаграмехь йолчу шен агIонехь билгалдаьккхина: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца вайн республикехь нохчийн мотт талларехь а, Ӏалашбарехь а, иза кегийрхошна марзбарехь а кхочушбойтуш боккха болх бу. ТӀаьхьарчу шина шарахь вайн республикехь схьайиллина, болх беш ю Нохчийн меттан институт. «Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар» а, ткъа иштта, 10 томах лаьтташ йолу Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам а вовшахтоьхна, зорбане яьккхина институтан белхахоша, меттан Ӏилманчаша, журналисташа. Цул сов, Нохчийн меттан институтехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш а схьайиллина».
Цхьаьнакхетарехь нохчийн маттах а, литературах а, Нохчийн меттан институто бинчу белхан доккхачу маьӀнех а лаьцна дехха къамелаш хилла.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца Байсултанов Идриса «Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а» орденца совгIаташ дира нохчийн меттан цхьамогӀа говзанчашна.
СовгӀаташ динчарна юкъахь бу: филологин Iилманийн докторш Овхадов Муса, Халидов Муса; Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат; филологин Iилманийн кандидаташ Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим; Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат; Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо Бадаева Ӏайшат; Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин факультетан нохчийн кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат; Нохчийн Республикин Iилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам.
Иштта, билгалдаккха деза «Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а» орденца совгӀат динчарах цхьаъ, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель волу, Дааев Хож-Бауди хилар а.
Шайн рогӀехь гулбеллачара баркалла элира оцу гӀуллакхийн коьртехь лаьттачу а, нохчийн мотт кхиоран говза команда цхьаьнатоьхначу а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.
Нохчийн меттан сий деш, шайн хьекъал, хаарш, хан, могашалла, зеделларг ца кхоош къахьегначаьрга кхин цкъа а ала лаьа – Дала мелехь дойла аш хьегна къа! Дала сийдойла шун!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА