Россин кхоалгIа Исламан экономикин форум хилира Соьлжа-ГIалахь. «Россия – гарант партнерства» яра цуьнан цIе.

Даздаран хьолехь форум схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Правительствон Председателан заместитела – экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министра Селимханов Мохьмада, финансийн министра Тагаев Султана, Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин кост дIадийшира М.Хучиевс.
Форуман дакъалацархошка цу тIехь бохура: «Нохчийн Республикехь инвестицийн политика эвсаре кхочушъярна тIехьовсийначу коьртачу декхарех цхьаъ ду тахана финансийн хьашташ кхочушдар аттачу даккхаран тIегIа лакхадаккхар. Цуьнца доьзна регионехь а, ткъа иштта, махкахь а финансийн система кхиоран мехала гIирс лара йогIу Исламан банкинг».
Иштта, маршаллин дашехь билгалдоккхуш ду Исламан финансийн дакъа дуьненахь уггаре а сиха кхуьуш долчарах цхьаъ хилар.
Карарчу хенахь, дуьненаюкъарчу консалтингийн компанеша бечу хаамашца, дуьненан 50 сов махкахь гIуллакх деш ю 1 000 сов исламан финансийн институт.
Исламан финансировани сиха кхуьуш ю Великобританехь, Францехь, Швейцарехь, США-хь, Канадехь, Австралехь, Керлачу Зеландехь, Японехь, кхечанхьа.
«Исламан бизнесан дуьненаюкъарчу ассоциацина а, «Сбербанк» ПАО-на а баркалла Соьлжа-ГIалахь форум вовшахтохар юкъадаккхарна а, дIаяхьарна а», – боху регионан Куьйгалхочун маршаллин дашехь.
Шина дийнахь лаьттинчу дуьненаюкъарчу форумехь дакъалоцуш вара тайп-тайпанчу мехкашкара 200 сов делегат.
Цара дийцаре дира Исламан финансированих пайдаэцаран хьокъехь долу гIуллакхаш, «горга стоьлаш» дIаяьхьира.
Д.ПАШАЕВ
№79, эсаран (октябрь) беттан 16-гӀа де