Кадыров Рамзан: «Вайн кегийрхой, баккъал а, доьналла долуш бу»

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дуьххьара дIахьош хиллачу – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу куполан пилотированихула (свуп) Россин Кубок яккхаран къийсадаларшкахь.

Къийсадаларш эсаран (октябрь) беттан 11-чу дийнера таханлера де тIекхаччалц дIадаьхьира Гуьмсерчу Россин спецназан университетан кертарчу GOODSKY парашютийн туьшахь.

Цигахь вовшахкхеттера Россера уггаре а тоьлла спортсменаш.

Свуп – иза парашютан спортан уггаре а хаза а, экстремальни а къийсадаларш ду.

Кадыров Рамзанца цхьаьна оцу къийсадаларшка хьажа веанера Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, кхиболу официальни нах.

Росгвардин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместитела Мартынов Даниила дийцарехь, Нохчийчоьнан парашютан спортехула йолчу вовшахтоьхначу командо дика жамIаш гойту.

«Вайн кегийрхой, баккъал а, чIогIа ницкъ болуш бу. Цара вуно баккхий кхиамаш боху. Турнир официальни хиларна, кхузахь толам баьккхинарш Дубайхь кестта дIахьон йолчу дуьненан чемпионатехь Россин цIарах дакъалоцуш хир бу», – элира цо.

Кадыров Рамзан реза хилира республикин вовшахтоьхначу командин дакъалацархоша шайгара гайтинчу говзаллина.

ХIаваэхь «ромб» сурт хIоттийра вайн веа парашютиста, иза дIасаяьккхира лаьтта охьакхача 150 метр йиссинчу хенахь.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо къамел дира вайн парашютисташца, царна баркалла элира шайгара говзалла, хьуьнар гайтарна.

Иштта, цуьнан къамел хилира Россин парашютан спортан вовшахтоьхначу командин коьртачу тренерца, Россин Кубок яккхаран къийсадаларийн коьртачу суьдахочуьнца Ниязов Владимирца. Цо Р.Кадыровна Россин парашютан Федерацин президентан Баркаллин кехат делира.

«Парашютан спорт цхьаьна кхиор ю вай. Ерриге а мидалш схьайохур ю, цу юкъахь дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь а. Цу тIе кестта парашютан спорт Олимпийски дисциплина хир йолуш а ю. Ткъа вайн кегийрхой, баккъал а, доьналла долуш бу муьлххачу къийсадаларшкахь толамаш баха», – элира регионан Куьйгалхочо.

Къийсадаларшкара дIавахале Кадыров Рамзана безамна сурт даккхийтира Нохчийчоьнан парашютан спортан вовшахтоьхначу командин векалшца цхьаьна.

ХЬ.САИДОВ
№79, эсаран (октябрь) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: