Кадыров Рамзана дакъалецира Меликов Сергей Дагестанан Куьйгалхочун дарже хӀуттучу даздаршкахь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Меликов Сергей Дагестанан Куьйгалхочун дарже хӀоттарна леринчу даздаршкахь.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира цуьнан а, Дагестанан дерриге а халкъан а кхиамаш а, аьтто а хуьлийла шена лууш хилар.

«Суна чӀогӀа тамехь ду тахана хӀокху мехалчу гIуллакхца доьзна сий-ларамечу Дагестан халкъана а, хьешашна а хьалха къамел дар. Со тешна ву Дагестанан дерриге а халкъан тахана регионан куьйгалхочуьнца боккха аьтто хилла хиларх, ткъа Сергей Алимовичан, шен рогӀехь, аьтто хуьлийла массо а декъехь исбаьхьа йолчу республикин куьйгалхо хиларца », – элира цо.

Иштта, Р.Кадыровс билгалъехира Меликов Сергейн корматаллин а, гӀуллакхаллин а дика агӀонаш. Дагестан Республикин керлачу Куьйгалхочо Россин Президентан Путин Владимиран а, Дагестанан халкъан а тешам ларбийриг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

«Дукха хан ю суна Сергей Алимович вевза. Нохчийн Республикехь цо гIуллакх дечу хенахь вевзина суна иза, оьзда, хьанал эпсар а, стаг а санна. ТIаьхьа, Россин Президентан Къилбаседа Кавказехь юьззина бакъонаш йолу векал волчу хенахь, цо кхиамца кхочушдора округан экономика а, социальни дакъа а кхиоран гIуллакхаш. Цу тайппана доккха зеделларг а, таронаш а йолчу Сергей Алимовичан боккха аьтто бу республикин дахаран дерриге а дакъошкахь дика кхиамаш баха», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъаш даима а вовшашца вежараллин ондда доттагIалла хилла хиларца цIеяхана хиларна.

«Милла а вай дIасакъасто гIиртинехь а, вай даима хила а хилла, дан а ду, хир а ду вежараллин халкъаш, юкъара цхьа истори а, культура а йолуш», – элира цо.

Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, нохчаша даима а лаккхара мах хадийна дагестанхойн бусалба динца йолчу дикачу юкъаметтиган.

«Суна дагадогIу тхан дайша а, дедайша а ДегIастанан исбаьхьачу мехкан мел боккха сий-ларам бора, дагестанхоша бусалба дин лелоран мел лаккхара мах хадабора, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шовзткъа асхьаб дIавоьллинчу кешнашкахь цара зерат дар. Селхана хилча санна ду-кх иза, Нохчийчохь цхьацца бахьанашца, цхьа а маьждиг доцчу хенахь, нохчий Дагестанерчу маьждигашка рузбанан ламазаш дан лелара. Суна дагайогIу сан деда а, да а рузбанан ламазера, воккхавеш, юьхьа тIехь белар долуш, шайн доттагIий гарх кхаъ хилла цIа ихна хан», – бохура цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьна оцу даздаршкахь дакъалецира Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Чайка Юрийс а, округерчу кхечу субъектийн куьйгалхоша а.

Д.АНАДЕВ
№79, эсаран (октябрь) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: