Парламентан комитеташ а кхоьллина, церан председательш а хаьржина

Нохчийн Республикин 5-чу гуламан Парламентан 10 комитет хир ю. Депутаташа уьш а кхоьллина, церан председательш а хаьржина.

Парламенташна юкъарчу зӀенийн а, къоман а, хаамийн а политикин а, юкъараллин организацешца зӀенаш латторан а комитетан председатель хаьржина Ельсаев Ӏаламахьад, ГӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а комитетан председатель – Эдилов ИбрахӀим, Агропромышленни комплексан а, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн а, экологин а, Ӏаламан тӀаьхьалонийн а комитетан председатель – Гучигов Ӏела, Социальни политикин а, могашаллаӀалашъяран а, спортан а комитетан председатель – Нагаев Ӏаднан, Дешаран а, Ӏилманан а, культурин а комитетан председатель – Хазбулатов Бекхан, Бюджетан а, банкийн а, налогийн а комитетан председатель – Бисаев Ӏийса, Промышленностан а, энергетикин а, транспортан а, зӀенан а комитетан председатель – Накаев Халид, Законаш дахаран а, пачхьалкхан дӀахӀоттаман а, меттигерчу урхаллийн а комитетан председатель – Хаджиев Артур, Экономикин а, инвестицийн а политикин а, бахамаллин юкъаметтигийн а комитетан председатель – Кадыров Хьусайн, Законийн а, бакъонийн йолчу къепенан а, кхерамзаллин а комитетан председатель – Кашлюнов Дмитрий.

№79, эсаран (октябрь) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: