Билгалбевлла наркоманина профилактика яран конкурсан толамхой

konkr5

Соьлжа-ГIалахь Кегийрхойн цIийнехь наркоманина профилактика ярна леринчу республикин конкурсан жам1аш а деш, толамхошна совгIаташ дира хIокху деношкахь. Конкурс «Хьайна дахар ло» аьлла сурт дилларан, «Ларлолахь-Iожалла» аьлла сочинени язъяран а номинацешкахула йина яра.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца а, Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментаца а цхьаьна.

Шаьш билгалйина Iалашонаш йийцира конкурс вовшахтоьхначара: корта бахочу маларшна, психотропни молханашна, наркотикашна, тонка озарна, къаьркъа маларна берийн кхетамехь цабезам кхоллар а; кегийрхошна, берашна, церан дай-наношна юкъахь могашаллIалашъяр коьрта декхар дуй хаийтар.

Оцу конкурсехь дакъалаца аьтто бара вайн республикерчу  7–17 шераш долчу дешархойн, студентийн. Толаме кхаьчнарг 6 дешархо вара, хIора номинацехь кхоккха нислуш.  Сочинени язъярехь  1-ра меттиг яьккхира Шелан районерчу Жимачу АтагIага №10 йолчу школа-интернатан 7-чу классан дешархочо Гучигов Муслима, 2-гIа меттиг – Невран районерчу Новотерски школин 8-чу классан дешархочо Ашаханова Мархас,  3-гIа меттиг – Соьлжа-ГIалара  №39 йолчу школин 8-чу классан дешархочо Кулаева Мадинас.

Ткъа сурт дилларан номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалара №18 йолчу школин 8-чу классан дешархочо Закриева Марета, 2-гIа меттиг – Шелковски районера берийн кхоллараллин школин дешархочо Недерсултанов Маьхьдис, 3-гIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин 5-чу классан дешархочо Ахматова Хьавас. Конкурсан белхийн мах хадош яра Россин Федерацин Художникийн союзан декъашхо  Муртазалиева Зарет. Толамхошна совгIаташ дIаделира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Мисербиев Садос, министран гIоьнчас Гайрханов Мовлас, оццу министерствон социальни программийн отделан хьаькама Осмаева Заретас.

С.Месербиевс къаьсттина баркалла элира кегийрхой  кхетош-кхиош болчу хьехархошна а, школин директоршна а.

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: