Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а федеральни округашкарчу автомобилийн некъашна урхалдаран органийн куьйгалхойн кхеташо дӀаяьхьира Соьлжа-ГӀаларчу «The Local» хьешацӀийнехь.

«Россин Федерацин некъийн фонд: 2021-чу шеран жамӀаш, 2022–2024-чуй шерийн Ӏалашонаш» гӀуллакхна лерина яра иза.
Россин транспортан министерствоца а, Некъийн федеральни агентствоца а цхьаьна иза вовшахтоьхнера Автомобилийн некъийн урхалладаран органийн «РАДОР» ассоциацис.
«Кхеташо дӀаяхьаран майда къастор шен бух болуш ду. Къоман проект кхочушъярехь лидер ю Нохчийчоь. ДӀасавахарна бен некъаш оьшуш цахиларна тӀехдевлла вай, цундела, вайн Ӏалашо – адамийн хьашташца доггӀучу тӀегӀанера некъаш дахкар», – билгалдаьккхира «РАДОР»-н коьртачу директора И.Старыгина.
Некъийн федеральни агентствон куьйгалхочун заместитела И.Костюченкос а билгалъяьккхира Нохчийчоь – цо дийцарехь, республикехь тобеш болу хӀора а некъ, цу тӀехь бен болх а, и болх бен организаци а евзаш ю автомобилийн некъашна урхалладаран ведомствошна.
Кхеташонехь къамел динчу Нохчийн Республикин вице-премьера – Автомобилийн некъийн министра А.Тумхаджиевс йовзийтира вайн мехкан некъийн комплекс а, цунна хьалха лаьтта Ӏалашонаш а, кхиаран таронаш а.
«Кхерамза а, дика а некъаш» проект кхочушъярца доьзна коьрта гӀуллакхаш ду вай хӀокху кхеташонехь дийцаре дан дезарш. 2001–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос 1 300 километр гергга некъаш а, 5 километр сов йохалла йолу 106 тӀай а тодина», – дийцира цо.
Иштта, кхеташонехь цхьамогӀа субъектийн векалша докладаш а йира – церан авторша довзуьйтура шайн субъекташкахь 2021-чу шарахь «Кхерамза а, дика а некъаш» проект кхочушъяран жамӀаш.
И.ИСЛАМОВ
№79, эсаран (октябрь) беттан 16-гӀа де