«ЕРКЦ Грозный ЛК ЖКХ» программа йина республикин пачхьенан бахархошна. Цуьнан гӀоьнца коммунальни хьаштех пайдаэцарна ахча дӀалойла ду соьлжагӀалахойн.

Цул сов, коммунальни хьаштех пайдаэцарна тӀеяздинчу а, дӀаделлачу а ахчанан хьокъехь хаамаш гойла а, лорургийн гайтамаш дӀалойла а, QR-кодаца долу ахча дӀадаларан тоьшаллаш кхолла а таро ю цу чохь.
Делахь а, цуьнан коьрта мехалла – тӀера декхар гар а, цунах ахча дӀадала йиш хилар а ю.
Шийлачу а, довхачу а хих а, нехаш дӀаяхьарх а, канализацих а, капитальни ремонтах а, чоьнаш йохъярх а, почтин яьшканех а, лифтах а, цӀийнан юкъара бахам латторах а ахча дӀадала аьтто бу цу чохь Соьлжа-ГӀалин бахархойн.
И программа «App Store» а, «Play Market» а чохь ю, «erkcgrozny.ru» сайто бен аьттонаш беш а ю пайдаэцархошна. Цунах пайдаэца луург ша приложени чохь дӀаязвала везаш ву.
Иштта, логин а, пароль а хӀокху 8(8712)29-43-25 номерца а лур ю.
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де