А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО организацин «Информация для всех» программин Россин комитетан председатель Кузьмин Евгений Иванович коьртехь а волуш, «Дукха къаьмнийн пачхьалкхан хьелашкахь къаьмнийн меттанаш Ӏалашдар а, кхиор а: меттанийн политика, проблемаш, таронаш» Ӏилманан-практикин конференци дӀаяьхьира эсаран (октябрь) беттан 12–13-чуй деношкахь.

Конференци вовшахтоьхнера дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО организацин «Информация для всех» программин Россин комитето а, НР-н культурин министерствос а, А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотеко а Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствон гӀоьнца, РФ-н Пачхьалкхан къоман политика кхочушъяр» программин гурашкахь. Конференцехь дакъалоцуш яра Халкъан бахаман а, пачхьалкхан службин а Россин академин дешар кхиоран институтан дешаран къаьмнийн проблемийн Ӏилманан-талламан туьшан директор Артеменко Ольга, ЮНЕСКО организацин «Информация для всех» программин Россин комитетан председателан заместитель Бакейкин Сергей, оццу комитетера ГӀезалойчуьра а, Якутера а векалш.
Къоман маттаца йоьзначу конференцехь нохчийн меттан говзанчаш ца хуьлийла а дацара — вайн республикехь бевзаш болу нохчийн меттан говзанчаш а, историкаш а, Ӏилманчаш а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а бара конференцин дакъалацархой а, ладогӀархой а.
Царна юкъахь бара: НР-н Ӏилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, НР-н Парламентан Председателан заместитель Хазбулатов Бехкан, НР-н Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта а, НР-н Куьйгалхо волчохь культурин декъехула йолчу кхеташонан куьйгалхо Усманов Ӏаьрби, Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат, филологин Ӏилманийн докторш, профессорш Овхадов Муса а, Халидов Муса а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо, филологин Ӏилманийн доктор, профессор Навразова Хьава, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо Бадаева Ӏайшат, НР-н Iилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Баширов Сайд-Мохьмад, кхиберш.
Цигахь дийцира кхузаманан хьелашкахь къаьмнийн меттанаш Ӏалашдарехь а, уьш дешаран учрежденешкахь хьехарехь а нислуш йолчу проблемех а, меттанийн хьолах а лаьцна.
Конференцин модераторшна юкъахь вара профессор Овхадов Муса.
Вайн мехкан хьешийн а, конференцин дакъалацархойн а аьтто хилира Нохчийн меттан институтан векалша Умхаев Хьамзата а, Овхадов Мусас а, Халидов Мусас а йинчу чулацамечу докладашка ладогӀа.
Конференцин хьешашка а, дакъалацархошка а Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан цӀарах маршаллин дош а олуш, нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а декъехула Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахоша бинчу балхах лаьцна хаамаш а, карарчу хенахь вайн республикин дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт хьехарехь нислучу проблемех а лаьцна а доклад йира Умхаев Хьамзата.
Нохчийн мотт берашна юьхьанцарчу классашкахь дуьйна а хьехар мехала хиларх лаьцна яра доклад.
Конференци резолюци тӀеоьцуш ерзийра.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де