РаббиIул-Аввал бутт карабеачхьана дуьйна а Делан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестор, цунна салаваташ дахкар, мовладаш дешар алсамдаьккхинера Нохчийчохь.

Ткъа оцу беттан шийтталгIачу Iуьйранна сатасале дикка хьалха вайн республикерчу гIаланашкара, кIошташкара, ярташкара бусалбанаш Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де даздан маьждигашкахь вовшахкхийтира.
Коьрта даздарш дIадаьхьира Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарахчу Шела шахьарарчу «Бусалбанийн дозалла» маьждигехь.
Нохчийчоьнан ерриге а гIаланашкара, ярташкара дерриге а вирдашкара бусалбанаш баьхкира даздаршка. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Къилбаседа Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председатель Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, республикин Iедалан векалш, кхиберш.
Iаламах къинхетам а беш, Везачу АллахIа РаббиIулАввал беттан шийтталгIачу Iуьйранна ваийтинчу Элчанан – Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийлаллех лаьцна, цуьнан умматах дарца нохчийн халкъах Дала бинчу боккхачу къинхетамах лаьцна, дуккха а кхечунах лаьцна адамийн дог делхош, бIаьрг белхош къамелаш дира Х-А.Кадыровс, Р.Кадыровс, С-Хь.Межиевс, А.Шахидовс, кхечара.
Иштта, цара дакъа а лоцуш, зуькарш а дира, мовлад а дийшира маьждигехь вовшахкхеттачара.
Цул тIаьхьа Iуьйра ламазаш дира. Адамашлахь уггаре а сийлахь верг дуьнен чу ваьллачу денна лерина даздарш дерзийра шатлакх тохарца.
Иттех минотехь бес-бесарчу шатлакхаша къагийна латтийра стигал.
Даздаршка баьхкинчеран аьтто хилира маьждига чохь дIахIиттийна хиллачу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассарашка хьовса.
Д.ПАШАЕВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де