Курчалойн кIоштарчу Ахьмад-Юьртахь даздаран хьолехь дIадаьхьира бусалба динан кхузаманан «Хьаьжин беш» туш схьаеллар. И мехала гIуллакх дира Мухьаммад Пайхамар (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу РаббиIул-Аввал беттан 12-чу дийнахь (эсаран беттан 18-чу дийнахь).

И башха туш схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Къилбаседа Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Кишин КунтаХьаьжин тIаьхьенах волчу Сайфуддин ИбрахIима, республикин Iедалан векалша, кхечара.
«ХIара туш юьртарчу хIора вахархочун дуьхьа схьайиллина. Ислам-дин Iамо а, лело а оьшуш мел дерг ду кхузахь. Иштта, дерриге а хьелаш кхоьллина Iамалш, Iибадаташ дан, зуькарш дан, мовладаш деша, кхелхинарг дIаверзон. Вайна массарна а хаьа ден цIа дита мел хала ду. Делахь а, цуьнга хьаьжна доцуш, хIокху лаьтта тIехь Iийначу адамаша резахиларца йитира хIара исбаьхьа меттиг, кхузахь бусалбанийн туш яйтархьама. Уьш бахьанехь йина кхузахь хIара хаза гIишло», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«Хьаьжин беш» йинчу меттиган, лаьттан мехаллех лаьцна дийцира Кадыров Хож-Ахьмада: «Кхуза Бенара Илес схьакхелхинчул тIаьхьа дуьйна хIокху лаьттан беркат оьцуш баьхна тхан дай. Оцу беркатах лаьцна ас а, тхан кхечу къаноша а кест-кеста дуьйцуш хезна волчу Рамзан-Хьаьжас сацам бира хIокху меттехь бусалба туш ян».
Динан комплексана юкъадогIу 200 стаге жамаIатехь ламаз далур долу Шайх Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах жамаIат маьждиг, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дедеден Бенойн Илесан цIарах хьуьжар.
Сийлахь Къуръан Iамо луучарна ша-ша къаьстина ши класс йина, божаберашна а, зудаберашна а. ХIора а класса чохь ткъе итт-итт меттиг ю.
Туш нохчийн хотIехь йина, лакхарчу гIатт тIехь терхе а йолуш. Кхузахь леррина меттигаш кечйина юкъараллин гIуллакхаш дIадахьа – зуькарш дан, бахархойн гуламаш бан, мовлад деша.
Иштта, объектехь хьелаш кхоьллина, стаг кхелхича, иза дIаволларца доьзна гIуллакхаш кхочушдан, ламаз эца, докъа ламаз дан, и.д.кх.
Туьшана гуонахара меттиг куьце ялийна, машенаш дIахIитто меттиг йина.
Кхузахь нехан хьашташна дIахIоттийна лаьтташ ши «Газель» хир ю. Цхьаъ – адамаш дIасадуьгуш, цхьаъ – кира дIасахьош.
«Хьаьжин беш» туш схьаеллар дерзийра шатлакх кхоссарца.
Д.АНАДЕВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де