Соьлжа-ГӀаларчу «Вайнах» концертан залехь дIаяьхьира Эсамбаев Махьмудан цIарах хелхаран дуьненаюкъара ХӀӀ-гӀа фестиваль-конкурс.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Дааев Хож-Бауди, республикин Культурин министр Кадырова Ӏайшат, Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад.
– ХӀораммо а хелхарца шайн къоман культура йовзийтира. ХIокху чохь мел верг кхетта аьлла хета суна хелхаран маттаца цара йовзийтинчу шайн культурах. ШийтталгIа шо ду нохчийн къоман сийлахьчу хелхарчин Эсамбаев Махьмудан цIаро хореографи езарш а, цуьнан сий-пусар дийраш а хIокху сцени тIехь цхьаьнатуху. Республикин куьйгалло дерриге а хьелаш кхоьллина дуьненаюкъарчу тIегIанехь конкурсаш дIаяхьа а, хьеший тIелаца а. Цундела, шо-шаре мел долу, конкурс шорлуш ю, ткъа вайн декхар ду конкурс дIаяхьаран дикалла тIеттIа лакхаяккхар, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Ӏайшата.
«Культура» къоман проектан гурашкахь «Нохчийн халкъан дуьненан конгресс» организацин гIоьнца вовшахтоьхнера конкурс.
Россин регионашкара а, 11 пачхьалкхера а векалш бара конкурсехь дакъалоцуш. Жюрин лерринчу совгIатца билгалваьккхира Тяжельников Михаил а, Айникеев Владимир а (Омскан область).
Хьовсархойн кхаьжнашца совгIат даьккхира Шевердяева Еленас а, Сорокин Даниила а (Москва).
Нохчийн Республикин культурин министран совгIат даьккхира Калимуллина Адиляс (Башкортостан).
Жюрин председатела, «Балет» журналан коьртачу редактора Уральская Валерияс совгIатана шеран подписка елира «Iадика йойла, мисье» хелхар динчу Березиков Егорана (Алтайн мохк).
«Ша цхьамма» хелхаран номинацин ӀӀӀ-чу даржан лауреат хилира Шамсадова Седа (Нохчийн Республика); ӀӀ-чу даржан лауреат – Мельчук Александр а (Кемеран область), Тарасова Ирина а (Санкт-Петербург); Ӏ-чу даржан лауреат – Шапеко Эдвар (Москва).
«Шимма» хелхаран номинацехь ӀӀӀ-чу даржан лауреаташ хилира Голованова Екатерина а, Подопригов Ростислав а (Липецкан область), Умерова Элеонора а, Замалетдинов Рамазан а (ГIезалойн Республика); ӀӀ-чу даржан лауреаташ – Скрипниченко Анна а, Гончаров Юрий а (Луганскан Халкъан Республика), Зверев Павел а, Гончаров Михаил а (Москва); Ӏ-чу даржан лауреаташ – Власова Виктория а, Лобанов Евгений а (Тюменан область).
Гран-При совгIат даьккхира Гаургаев Ислама а, Устарханов Мохьмада а (Нохчийн Республика).
Конкурс дӀаерзийра цуьнан дакъалацархоша концертан программа а гойтуш.
ВЕГИЕВА Макка
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де