«Химкис» дуьххьара эшийра «Ахмат»

Россин Премьер-лигин чемпионатан цхьайтталгӀачу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» Москвана юххерчу «Химки» командица левзира.

ТӀаьххьарчу ялх турехь тӀекӀал ялхозза эшна болу «Химкин» футболисташ дукха лерина кечамбина юкъабевлла хиллера Соьлжа-ГӀаларчу футболисташца ловза.

«Ахматан» футболистийн ловзаран хатӀ а, амал а Ӏаьвшшина Ӏамийначух тера дара, хӀунда аьлча, цхьаьнакхетаран хьалхарчу минотехь дуьйна иза чекхдаллалц вайн футболисташна ойла ян хан ца юьтура, тӀелатарш вовшахтохарна новкъарло йора, массо а футболистана юххехь «хехо вара».

Оццу хенахь, аьтто баьл-баьллачохь ира а, кхераме а тӀелатарш дора хӀусамдайша. Гуш дара цара тӀелатаран комбинацеш хьалххе кечйина хилар.

Цу тайпанчу ловзаро «Химкин» футболисташ кхиаме кхачийра хьалхарчу тайман шийтталгӀачу минотехь — В.Гудиевс лардеш хиллачу вайн командин кевна чу буьрка туьйхира Кухарчука – 1:0.

Оцу таймехь Нохчийчуьра футболисташа цхьа а тохар ца дира хӀусамдайн кевнехьа.

ШолгӀачу таймехь дикка жигарабевлира хьеший. Наг-наггахь хӀусамдайн кевнехьа кхераме тохар а дора цара. Амма кхиаме кхача аьтто ца болура. Делахь а, матчан тIаьххьарчу миноташкахь шайн аьттонах буьззина пайдаоьцийла хилира «Химкин» футболистийн – 2:0. Цу тайппана чекхделира цхьаьнакхетар.

Россин Премьер-лигехь цкъа а «Ахматал» тоьлла яцара «Химки». Бакъду, 2006-чу шарахь хьалхарчу лигехь ловзуш цкъа тола-м тоьллера иза. И ламаст дохо аьтто бели оцу командин таханлерчу футболистийн.

ХЬ.САЙДАЕВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: