Эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь республикин Онкологин диспансерехь а, Онкологин «АйМед» туьшахь а «Йиллинчу неӀарийн де» акци дӀаяьхьира.

Зударшна онкологин цамгаршна профилактика а, диагностика а яран Ӏалашонца вовшахтоьхна гӀуллакх дара иза.
Оцу дийнахь зударийн шайн могашалла маьхза таллийта аьтто хилира.
Онкодиспансеран онкологаша-маммологаша Ӏуьйранна 9 сахьт даьлча дуьйна, малхбузаран хан тӀехтиллалц, консультацеш еш, тӀеийцира зударий.
Лоьраша тӀехьовсош болчу зударийн УЗИ-н а, маммографин а талламаш а маьхза байта аьтто хилира.
«Йиллинчу неӀарийн де» акци вовшахтоьхнера Республикин онкодиспансеро а, Онкологин «АйМед» туьшо а Ерригроссин юкъараллин «Россин наной» боламан гӀоьнца.
Акци дӀаяьхьира пандемин хьолехь Роспотребнадзоран лехамаш кхочуш а беш.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана билгалдоккху: «Нохчийн Республика маммологин декъехула хуьлучу цамгаршна хьалхарчу а, и цамгарш йолу зударий кхалхарехь шолгӀачу а меттехь яра 2020-чу шарахь. Рак цамгар хилар тӀаьххьарчу тIегӀанехь гучуяьлларш а 35 процент зударий бу. Цундела мехала ду оцу цамгарна хьалххе диагностика яр».
«Йиллинчу неӀарийн де» акцехь шайн могашалла таллийтира 150 сов зудчо. Царна юкъахь 40 сов зудчунна патологи карийра. Уьш кхидӀа а кIорггера талламаш бан хьовсийна.
Зударша шайн могашаллина иштта хьалххе таллам бойтуш хилча, оцу цомгашчу зударех 95 процент зуда тоелла дӀагӀуриг хиларх тешна ву министр.
Леррина зударшна маммологин декъехула хуьлуш йолчу онкологин цамгаршна лерина «Профилактико могашалла а Ӏалашйийр ю, ненан хан а яхйийр ю» аьлла, Ӏилманан конференци а дӀаяьхьира МогашаллаӀалашъяран министерствос.
Оцу конференцехь дакъалецира «Россин наной» боламан председателан заместитела Бадтиева Екатеринас а, «Россин маммологийн ассоциаци» юкъараллин Ерригроссин организацин вице-президента Прокопенко Сергейс а.
Бевзаш болчу лоьраша, маммологаша, онкологаша чулацаме, пайдехь докладаш йира.
Акци дӀаяьхьначу шолгӀачу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь, четарш а тоьхна, «Сирла-цӀен аса» а, «Вовшашца къамел» а акцеш дӀаяьхьира.
Оцу акцешкахь шайн могашалла талла лаам болчу зударийн дакъалаца аьтто хилира.
З.ХИЗИРОВА
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де