12-чу июнехь итт бер дина
Черкесск. Россин пачхьалкхан коьртачу дезчу дийнахь республикин перинатальни туьшахь дуьнен чу делира итт бер.
Кхарачойн-Чергазийчоьнан Куьйгалхочун Темрезов Рашидан цIарах оцу берийн наной декъал а беш, регионан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Пивоварова Надеждас цаьрга дIаделира дуьнен чу девллачу берашна лерина хилла совгIаташ. Декъалдаран кехата тIехь билгалдоккхура оцу дийнахь винчу жимачу гражданинах хан яларца шен Даймехкан бакъволу патриот хирг хиларх ша тешна хилар, керла дахар кхолладалар хIора доьзална Iаламат доккха совгIат хилар. Кхул тIаьхьа догIу долчу шерашкахь шаьш дина де оцу бераша даздийр ду дийнна Россица цхьаьна, цунах доккха дозалла а деш, билгалдоккхура кехата тIехь. Хаийтира уьш могаш кхуьийла а, церан ирсе дахар хуьлийла а шена даггара лууш хилар.
Республикин могашалла Iалашаъяран министерствон цIарах наной а, керла дина бераш а декъалдира министран заеститела Аргунова Татьянас а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан депутатийн цIарах депутата Власенко Натальяс а.
Хьалхара паспорташ
Ставрополь. Пачхьалкхан даздарш дIахьочу деношкахь гIалин администрацехь Россин юьззина бакъонаш йолу гражданин хиларан билгало – паспорташ дIаделира гIалин администрацин куьйгалхочо Джатдоев Андрейс I4 шо кхаьчначу кхойтта дешархочунна. Иттаннаш шераш ду и ламаст кхузахь лардеш долу. Шен хенахь А.Джатдоевна шена а делира паспорт районан администрацехь. Цо боккха Iаткъам бира цул тIаьхьа еанчу хенахь дахаран некъ харжа.
Мехкан къона гражданаш декъал а беш, гIалин куьйгалхочо билгалдаьккхира царна шайн дахарехь хьалхара документаш Сийлахьчу Толаман 70 шо кхаьчначу хенахь делла хилар. ТIейогIучу хенахь мохк муха кхуьур бу бохург дуккха а долчунна къоначарах доьзна хирг хиларна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан нуьцкъалалла кхидIа а чIагIъярна цара шайн ницкъаш кхоориг цахиларх ша тешна хилар дIа а хаийтира.
Дезачу денна лерина концерт
Несаре. Пачхьалкхан коьртачу дезчу денна лерина йоккха концерт хилира кхузахь, цигахь дакъалоцуш бIеннаш бахархой а болуш.
Регионан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека республикин бахархой дезчу денца даггара декъал а беш, билгалдаьккхира Россин керлачу исторехь цо лелош долу маьIна, вайн дуккха а къаьмнийн пачхьалкхехь адамийн кхолламашна, юкъараллин дахарна цо беш болу боккха Iаткъам. 1990-чу шеран 12-чу июнехь тIеэцначу пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь йолчу Декларацис шуьйра таронаш схьайиллира Россин дерриге а халкъашна шайн бакъонаш, паргIатонаш чIагIъярна, къаьмнийн кхиарехь хьалхахьа гIулч яккхарна, дуьненахь хьакъ йоллу меттиг дIалацарна.
ГIалгIайчоьнан бахархой дезчу денца иштта декъалбира федеральни инспектора Смирнов Виталийс а, регионан Халкъан Кхеташонан председатела Дикажев Мухарбека а, кхечара а. Цара иштта дакъалецира Россин къоначу гражданашна паспорташ дIалуш а.
Россин Денна лерина Магасана юккъехь лаьтташ йолчу бIе метр лекхачу Барт хиларан БIаьвнна тIехь Россин Федерацин пачхьалкхан байракх дIахIоттийра.
Сайташ тIера хаамаш кечбинарг
– Л.МАГОМАЕВ
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

