Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана хIокху деношкахь Ш.Эпендиевн цӀарахчу Республикин клиникин больницехь республикин медицинин учрежденийн куьйгалхошца кхеташо дӀаяьхьира.

Кхеташо дӀайолош министра шен керла гӀоьнча Кусиев Бекхан вовзийтира.
Цигахь дийцаре динчу гӀуллакхех дара тӀаьхьарчу хенахь вайн республикин бахархошна юкъахь дӀахьош йолчу диспансеризацин жамӀаш дар.
Иштта, дийцира коронавирусан ун лайначу нахана диспансеризаци каде а, леррина а ян езаш хиларх лаьцна.
Нохчийн Республикехь COVID–19 ун лайначу нахана юкъара 6 эзар сов стаг чекхваьлла кIоггерчу диспансеризацех.
Медицинин кодаца «УД» (углубленная) диспансеризацина юкъадогӀу медицинин цхьамогӀа талламаш байтар: цӀийн биохимин анализ а, цӀийца Д-димера концентраци билгалъяккхар а, рентгенографи а, пехашна КТ яйтар а, дегӀан лахарчу меженашца долчу пхенашна, дагна УЗИ яйтар а.
КIорггера диспансеризаци дӀаяхьаро COVID–19 ун лайначеран могашаллица хуьлуш болу хийцамаш гойту.
Къаьсттина иза яйтар пайдехь ду и ун чолхечу а, юккъерчу а барамехь лайначарна.
Оьшуш долу медицинин гӀо шен хеннахь дан а, «хронически» цамгарш хилча мухалле а, кхидӀа ян езаш йолу медицинин реабилитаци яйта атта хир ду.
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де