Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь арадолуш ду литературин-исбаьхьаллин а, юкъараллин-политикин а «Дарьял» журнал.

ХIокху шарахь араяьллачу цуьнан йоьалгIачу номеран «проза а, поэзи а» декъехь зорбатоьхна ду нохчийн къоначу яздархочун Салаханов Адаман «Деперсонилизация» дийцар.
Оцу дийцарехь дуьйцу цхьана классехь дешна волчу жимачу шина стеган шинне а евзаш йолчу Машица долчу доттагIаллех лаьцна.
А.Салаханов зорбане вийлина «Вайнах», «Дарьял» журналашкахь, «Новые писатели», «Кавказский экспресс», «Домик из детства» гуларшкахь.
Иштта, оцу журналехь зорбатоьхна ю Нохчийчуьрчу поэтан, Россин Яздархойн союзан декъашхочун Ганаев Зауран «По эту сторону окна» юкъара цхьа цIе йолу байташ.
Поэта шен байташкахь дуьйцу Даймахках а, шен кхолламах а, Iаламах а, адама хIокху дуьненахь лелочу маьIнех а лаьцна.
З.Ганаевс Германерчу Карл Эберхардан университетехь дешна. Иза Нохчийчу цIавеана 2017-чу шарахь.
Заур зорбане вийлина «Вайнах», «Звезда», «Эмигрантская лира» журналашкахь.
Иза «Бумажный солдат» гуларан автор ву. Гулар 2020-чу шарахь араяьлла цуьнан.
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де