Билгалбевлира толамхой

Нижегородан областерчу Бор гIалахь дIадаьхьира Олимпийски чемпионан, СССР-н хьакъволчу тренеран Парфенов Анатолийн сийнна лерина греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россин Кубок яккхарехьа къийсадаларш.

Цигахь Россин 54 регионера пхи бIе сов спортсмен вара йозаллин цхьайтта категорехь яхь къовсуш.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Финалехь толамхой хилира вайн махкахой: №2 йолчу спортан школера Исмаилов Ислам (42 кг.), Дудаев Зеламха (45 кг.) – СШ «СБ», Закриев Эрзу (53 кг) – №2 йолу спортан школа, Батаев Ризван (92 кг.) а, Эрсамиков Рахьман (120 кг.) а – Дугучиев Исламан цIарах спортан школа.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш И.Исраилов, А.Ядаев, С.Успанов, З.Мудаев.

Къийсадаларшкахь толаме кхаьчна спортсменаш Россин вовшахтоьхначу командина юкъагIур бу.

Толамхой билгалбехира Кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№80, эсаран (октябрь) беттан 20-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: