Шелан кIошт кхидIа а социальни а, экономикин а кхиоран гIуллакхаш жигардохур ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Шелан кIошт социальни-экономикин кхиоран гIуллакхаш дийцаре деш йоккха кхеташо дIаяьхьира.

Цо билгалдаьккхира тIаьхьарчу шерашкахь Шелахь кхузаманан цIенойн комплексаш, Европехь а уггаре доккха маьждиг, инфраструктурийн объекташ, социальни гIишлош, инженерни сеташ йина хилар, некъаш дехкина хилар. Сихха кхуьуш ю бизнес, промышленность, АПК. Жигара кхочушдеш ду хица кхачояран гIуллакхаш.

Секторан куьйгалхочо – Нохчийн Республикин пенсионни отделенин урхалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис гIала кхиоран генеральни план йовзийтира кхеташонехь.

Цуьнца билгалдеш ду административни гIишлойн комплекс, социальни объекташ, дукха петарш йолу цIенош, паркаш, сквераш яр.

КIоштан экономикина юкъа яккхий инвестицеш йохкург хиларх дегайовхо ю. Цуьнца цхьаьна, кхеташонехь аьлла ма-хиллара, шайна боккха тидам тIебахийтар лоьхуш цхьамогIа проблемаш ю. Проекташ хIитточу меттигашкахь инженерни сеташ ян еза, хийца еза 8 километр хин биргIанаш, ЭгIаштахь хин бердайистош чIагIъеш белхаш бан беза, цхьамогIа кхин гIуллакхаш дан деза.

Цуьнца доьзна Правительствона хьокъала доллу тIедахкарш дира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Цуьнца цхьаьна, цо тIедиллира Шелан юкъ хазъеш, куьце ялош хийцар, гIалахь школа а, кIоштан коьрта больница а яран гIуллакхаш тIехь ойла яр. Иштта, къобалйира Сиржа-Эвлана йисттехула некъ билларан проект.

Регионан Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебахийтира хьуьнан бахамехь долчу хьолана. КIоштахь йолчу хьаннийн санитарни хьолана ша реза цахилар хаийтира цо. Герггарчу хенахь хьал хийцар тIедиллира.

Культурин министра Кадырова Iайшата довзийтира кIоштан культурин декъехь долу хьал.

Цо дийцарехь, билгалдеш ду библиотекийн книжни фонд алсамъяккхар. Къоман «Культура» проект кхочуш а еш, коьртачу библиотекина керла гIирсаш оьцур бу. Эвтарахь дIахьош ду культурин цIа дар.

Кхеташонехь иштта боккха тидам тIебахийтира республикехь долчу эпидемиологин хьолана. Цомгаш хуьлуш берш алсамбовлуш бу. Нагахь санна ши кIира хьалха 34 стагана СOVID–19 хьакхаелла хиллехь, тахана и терахь 70-на хьаладаьлла.

Р.Кадыровс юха а тидам тIебахийтира вакцинаци яран а, профилактика яран а, вовшийн лардан дезаш хиларан а мехаллина.

Д.ПАШАЕВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: