ЖIайхойн культурин де билгалдаьккхира

Шаройн кӀоштарчу ХIимойн культурин цIийнехь даздарийн хьолехь билгалдаьккхира жIайхойн культурин де.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Баширов Сайд-Мохьмад, Шаройн кIоштан администрацин куьйгалхо Магомедов Рамзан, иштта юкъараллин а, динан а векалш.

Даздаршкахь вовшахтоьхнера къоман кхоллараллин гайтам а, жӀайхойн культурин туьшан векалийн концертан программа а, къоман даарш довзийтар а.

– Нохчийчохь дехаш нохчийн халкъ доцург, кхин а дуккха а халкъийн векалш бу, шайн мотт а, шайн Iадаташ а, культура а ларъеш. Вовшашка ларам а болуш, цхьабарт а болуш, вайн дай санна, вай а ду хIокху Нана-Нохчийчохь дехаш. Иштта, вовшашка хьошалгIа а оьхуьш, вовшийн культурин денош билгал а дохуш, кхидIа а дехар ду вай, – элира Баширов Сайд-Мохьмада.

Цо билгалдаьккхира республикехь болх беш къоман-культурин 11 туш а, къоман-культурин 3 автономи а хилар.

Цо а гойту, Нохчийчохь дехаш долу халкъаш цхьаъ хилла, цхьатерра бакъонаш а йолуш дехаш хилар.

– ЖIайхой а, нохчий а дукха хенахь дуьйна диканехь-вуонехь вовшашна дика накъостий болуш, бехаш бу. Шаройн кIошт вайн мехкан уггаре а хаза Iалам долчех цхьаъ ю, къаьсттина дика адамаш дехаш кIошт ю хIара. Иза дерриге а вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан беркатца ду, – элира Магомедов Рамзана.

Дикачу гIуллакхашкахь билгалбевллачу Кенхи юьртарчу бахархошна республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан цIарах Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кхеташ а делира.

СовгIаташ деллачарна юкъахь вара Шаройн кIоштан администрацин куьйгалхо Магомедов Рамзан.

ВЕГИЕВА Макка
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: