Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочуьнца Новиков Романца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, вице-премьера – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Лечхаджиев Руслана, официальни кхечу наха.
Новиков Романа Кадыров Рамзанна вовзийтира «Кавказ» некъийн бахаман урхаллин керла хьаькам Лукащук Александр.
Цо тидам тIебахийтира керлачу хьаькаман некъийн декъехь болх баран доккха зеделларг хиларна.
Шен рогIехь Р.Кадыровс баркалла элира хьалха оцу даржехь хиллачу Лечхаджиев Русланна балха тIехь дика кхиамаш бахарна. Пачхьалкхан Думин транспортан а, транспортан инфраструктура кхиоран а комитетан декъашхочун даржехь цуьнан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира цо.
«Кавказ» некъийн бахаман урхаллин хьаькаман даржехь беркате болх барна Iабдул-Вахин Русланна баркалла ала лаьа суна. Тешна ву Пачхьалкхан Думин депутат а, Пачхьалкхан Думин транспортан а, транспортан инфраструктура кхиоран а комитетан декъашхо а волуш, цо, некъийн дакъа кхиорехь, оьшуш долу гIо-накъосталла дийриг хилар», – элира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо Лукащук Александр декъалвира керлачу дарже хIотторца, дIахаийтира кхидIа а цо кхиамца болх бийриг хиларх ша тешна хилар.
Цхьаьнакхетарехь А.Тумхаджиевс дийцира Соьлжа-ГIалина гуо тесна, Р–215 а, Р–217 а федеральни ши некъ цхьаьнатухуш керла некъ билларан хьокъехь долчу гIуллакхах лаьцна.
«Хила безачу барамал 15–17-зза алсам бу Соьлжа-ГIалахь автотранспортан барам. Нагахь санна, Соьлжа-ГIалин гуо а тесна, (йистехула) вай и некъ биллича, гIалахула дIасалела транспорт дикка лахлур яра», – бохура цо.
Иштта, Р.Кадыровс Р.Новиковца дийцаре дира Шуьйта йолчу агIор 8 километр некъ билларан гIуллакх. Иза биллар оьшу оцу агIор йолу маршрут туристашна чIогIа езаелла хиларна.
Р.Новиковс къобалдира Р–215 а, Р–217 а некъаш вовшашца доза дезаш (цхьаьнахотта) хилар. Цо тIелецира уьш а, кхидолу гIуллакхаш а кхочушдарехь гIо-накъосталла дан.
«Кхечу регионашца дуьстича, тхан республикехь некъийн дакъа сиха кхуьуш ду. Оцу тIехь къаьсттина мехала маьIна леладо Нохчийчоьнан вице-премьера – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара. Болх хьекъалца, говза вовшахтохар бахьана долуш тхан некъаш махкахь а уггаре а тоьллачарах ду. Делахь а чIогIа хьашт ду некъийн инфраструктура кхидIа а кхиоре, регионера демографин а, социальни-экономикин а хьелаш хьесапе эцча муххале а», – элира республикин Куьйгалхочо.
Цо иштта дIахаийтира федеральни некъийн агентствос а, Нохчийн Республико а кхидIа а цхьаьна болх баро регионан некъийн бахам кхидIа а кхиорна гIо дийриг хиларх а, иза регионан экономикин а, бахархойн аьттонна а тIехь дикачу агIор хаалург хиларх а ша тешна хилар.
Д.АНАДЕВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де