Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а керла школаш а, берийн бошмаш а, иштта, кхийолу социальни объекташ а йина.

Карарчу хенахь а, ерриге а кIошташкахь еш ю уьш. Министерствон пресс-службо бинчу хаамца Шелан кӀоштарчу Эвтарахь керла школа ю еш.
17 эзар сов стаг Iаш волчу юьртахь йолу кхо школа тоьаш яцара. Иза бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а доьзна дара. Цундела, хӀоьттинчу хьоле хьаьжжина, юьртахь керла юкъарадешаран школа ю еш.
Дешаран учреждени яр дIахьош ду «Россин Федерацин мохкбегорна кхерам болчу меттигашкахь цӀенойн а, объектийн а, Ӏер-дахаран системийн а чӀагӀалла лакха яккхар» Ӏалашонийн программин гурашкахь.
Кхо гIат долуш, 720 дешархочунна меттиг йолуш йолчу керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду. Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо йийр ю.
Цул сов, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан зал а хир ю. Школин уьйтӀахь керла спортан майда йина. Ткъа школан кетӀе тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а машенаш дӀахӀиттайойла а ю кечъеш.
Карарчу хенахь гӀишлошъярхой чуьра белхаш беш бу. Шайна хьалхахӀиттийначу декхаршца дика ларош а бу уьш.
Школа йина яьлча, юьртарчу дешархойн кхаа рожехь хилла долу дешар, шина роже доьрзур ду. Цу тӀе, школа бахархойн хӀусамашна уллехь хиларо, хӀинццалц дIасалеларца йоьзна хилла халонаш а дIайохур ю.
ТӀедогӀучу 2022-чу шеран хьалхарчу чийрикехь йина яьлла хила езаш ю школа.
А.МУСЛИМОВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де