«Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь тодеш ду вайн республикера некъаш. И некъаш школашна а, берийн бошмашна а, ишшта, социальни кхийолчу объекташна а тӀедоьлхуш ду.

Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца Ахьмадан кӀоштахь рогӀера урам бу «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь тобеш. Буьйцург 1 150 метр беха болу Кутузовн цӀарах урам бу.
Оцу урамера 5,300 квадратан метр силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, гӀашлойн 9 дехьаволийла а йийр ю. Некъ бекъаран 3 450 метр басаран аса а хьокхур ю.
Цул сов, урамехь пурхала 3 билгало а йийр ю, машенаш чехка ца хехкийта. Цул тӀаьхьа, 71 некъан билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш. МУП «СУДМС-н» белхахоша а, говзанчаша а дIахьош бу и некъ тобаран белхаш.
Берийн №80 йолу «Колобок» беш а, №48 школа а, «Ненан сий» парк а ю буьйцучу урамехь. Цундела цигахь дуккха а машенаш хуьлу.
Юкъараллин тергамхой а кхечира урам тобарехь дӀахьош болчу белхашка хьовса. Цара билгалдаьккхира шайна тӀедехкинчу декхаршца белхалой дика ларош хилар.
Иштта, тӀедогӀучу 2022-чу шарахь «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь, Соьлжа-ГIалара кхин а 15 некъ тобийр бу.
А.КАНТАЕВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де