Тахана чохь а, арахь а – массо а меттехь дуьйцуш дерг вакцинаци ярх лаьцна ду. Иза йинчо а, ца йинчо а хьехайо. Билггал хууш хIума а доцуш, хIора а шена хет-хетарг, шена хезн-хезнарг дийца гIерташ ву. Ишттачу хьолехь аьлла-кх вайн дайша: «Ла дукха мел дийгIи а, татанаш сов хеза».

Вай ладоьгIуш ду, оьшучуьнга а, ца оьшучуьнга а. Къаьсттина ца оьшучуьнга дукха лерина ладугIуш а, цо аьлларг схьалоцуш а Iедал ду-кх вайн. Ткъа коронавирусан а, цунна дуьхьал ечу вакцинацин а хьокъехь дуьйцуш болу «говзанчаш» тIеттIа алсамбовлуш бу вайн махкахь а, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь а.
Оцу харц-говзанчаша, дерриге а дуьне а дитина, вайна, нохчашна сагатдо-кх. Вайга иммунизацех Iеха ма ло боху, вай «юха а хIаллакдан гIерта» боху.
Вайх оццул чIогIа дог лозуш хилча, вайна оцу уьнах (коронавирусах) хьалха довла некъ хIунда ца хьоьху цара? Ун даьржаш ма-ду, юха а, ерриге а Россехь санна, Нохчийчохь а.
Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, коронавирусан ун республикехь ца даржийтарна дуьхьал къийсам дIабахьаран кадечу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хьастаха, оцу «хьехамчаша» нехан дог дохош дуьйцуш долчунна тIе а тевжина, дIахьедира: «Нохчийн халкъана зен, зулам хирг хилча, хIуъа хилла латтарх, Кадыров Рамзана Нохчийчохь вакцинаци йойтур ма яцара», – аьлла.
Диканехь-вонехь даима вайн республикин Куьйгалхочунна юххехь волчу цунна вайна массарначул дика ма вевза Кадыров Рамзан, дика ма евза цуьнан амал. Цо дендерг а, доцург а ма хаьа. Цу тIе, хIара хьал исторехь дуьсур долуш а ма ду.
Уггаре а коьртаниг – вай АллахI Цхьаъ хилар, Цуьнан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хилар къобалдина, бакъдина бусалбанаш ду. ТIаккха, Везачу АллахIах кхоьруш верг, ваьхьар вуй, халкъана стенна дуьйцу, цхьана стагана а шена хаа а хууш зен дан, зулам дан, цуьнан могашалла талхо, галъяккха? Суна хетарехь-м ваьхьар вац. Делахь-хIета, вай тешаш хила деза вайна хьалхабевллачара бохучух, мила ву а ца хуучо дуьйцуш дерш схьа а ца луьйцуш.
Вайна «диканиг хила лууш берш», вайна вон мел хили а хазахеташ берш бу аьлла а хета суна, хIунда аьлча, вайн халкъ карзах а даьккхина, ойланах а дохийна, цуьнга гIовгIа яккхийта, къепе йохаяйта, Iедалан лаамна тIера даккха гIерташ лелош ду и питанаш, даржош ду и эладитанаш, вайн республикехь а, цул арахьа а.
Вакцинаци ма яйта, иза яйта мегар дац, и яйтинчун кхетам галбер бу, тIаьхье кхуьур яц, хIу девр ду бохуш, къамелаш деш верг, дIа ла дIоьгIча, тоххарехь шена вакцинаци яйтина караво. Ша и дина хилча Iадда мукъане а Iаш велара. Ца Iа. Ца Iало. Вакцинаци ца йича, оцу коронавирусах лардала кхин некъ бийцахьара цара. Ца буьйцу. Муха буьйцур бу – ца хилча…
Оццу хенахь ун даьржаш хиларан хьокъехь хаамаш кхочу вайга денна. Федеральни шуьйрачу (электронни) хаамийн гIирсаша эсаран (октябрь) беттан 19-чу дийнахь хаам бира Россехь тIаьхьарчу цхьана дийнахь-бусий 30 эзар сов стагана коронавирусан ун хьакхаделла хилиран хьокъехь. Оцу цамгаран хьу хьакхаеллачарах кхоалгIа дакъа Москвара бахархой бара. Оццу дийнахь-бусий, дарбанаш а лелийна, больницашкара араваьллера 12 эзар сов стаг. Цу тайппанчу бакъдолчара тоьшалла до ун даьржаш хиларна а, цунна дуьхьал лоьраша а, Iедалан органаша а ницкъ ма-кхоччу къийсам дIахьош хиларна а.
Оцу къийсамехь царна гIо-накъосталла дар хуьлу вай ваьшна вакцинаци яйтар. ТIе а ца теIадойтуш, бехкамаш а ца бойтуш, вешан лаамехь дан дезаш гIуллакх ду иза. Ду. Больница ца езахь а, маха тохар ца дезахь а. Вайга Iедало иза яйта а боху, вай лардархьама, вайн доьзалш, гергарнаш, уллернаш ларбархьама.
Делан къинхетамца Нохчийчохь вакцинин къелла яц. Больницашкахь вакцинаци яйта аьтто бу, хьалха санна раьгIнаш яц. Денна алсамбовлуш бу иммунизаци ярх чекхбевлларш. Лаххара а, 60 процент бахархоша яйтина иза.
«ЖIаьла лета, къепал хьалхахьа дIайоьду», – олуш кица ду-кх. Цунна а дайна, харц-говзанчаша вакцинаци ца яйта гIерташ эладитанаш даржадахь а, вайн республикера бахархой кхетта (берриге а ца кхеттехь а) вакцина яр доцург коронавирусах вай лардан кхин некъ цахиларх.
Эрна са а ца гатдеш, шен а, нехан а са а ца дууш, вакцинаци яза волчо иза яйта езаш хилар хьоьху вайна республикин могашаллаIалашъяран министерствон говзанчаша. Ткъа уьш лоьраш бу. Лоьрашна вайначул дика ца хаьа коронавирусах дерг а, цунах лардалархьама дан дезарг а?
С.ХУСЕЙНОВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де