Нохчийн мотт хьехарехь школашкахь нислучу халонех лаьцна дийцира

Ӏилманан VIII-чу фестивалан гурашкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дӀаяьхьира «Нохчийн Республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехаран проблемаш» темина лерина хӀорашеран Ӏилманан-методикин семинар.

Семинарехь дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Нохчийн филологин кафедрин белхахоша а, республикин школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша а.

Цуьнан болх онлайн рожехь дӀахьош бара. ВидеозӀенан гӀоьнца цигахь дакъалецира республикин школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а дуккха а хьехархоша.

Маршаллин дош элира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин заведующис, филологин Ӏилманийн доктора, профессора Навразова Хьавас.

Цо доккха баркалла элира нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а балхана юкъа дакъа дуьллуш схьабогӀучу хьехархошна.

Цигахь дийцаре дира нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта бакъонаш Ӏамор а, уьш Ӏаморехь хьехархошна хьалха нислучу халонех дерг а.

Семинар хилале хьалха Нохчийн филологин кафедрин Ӏилманан белхахой шайгахь методикин гӀирсаш а болуш, республикин дуккхачу а школашкахула чекхбевллира.

Оцу школашкахь, керлачу бакъонех пайда а оьцуш, дарсаш дIадаьхьира цара.

Семинарехь къамелаш дира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Нохчийн филологин кафедрин белхахоша: профессора Навразова Хьавас а, доценташа Эдилов Салавдис а, Вагапов Ӏаьрбис а, Ирезиев Сайд-Хьамзата а, Расумов Вахас а.

Иштта, шайн рогӀехь нохчийн мотт хьехаран декъехь шайн зеделларг довзийтира школашкарчу хьехархоша.

Нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонаш билгалъевлла хилар бахьанехь дешнаш яздаран гӀуллакх цхьана кепе дерзар дика хеташ бара уьш.

Семинарехь «Шеран хьехархо» конкурсан толамхоша мастер-классаш гайтира.

Цул сов, дийцаре дира Россин Федерацин халкъийн меттанашкахула школийн дешархойн Олимпиадина кечам баран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Хь.Навразовас Олимпиадин Положени йовзуьйтуш, коьрта Ӏалашонаш билгалъехира. Царах ю дешархошна юкъахь кхоллараллин суй берш гучубахар а, Ӏилманан-талламан балхе марзо кхоллар а.

Хьехархошна оьшуш а, беркате а яра семинар. Иза иштта хилла хилар тӀечӀагӀдо университетен Инстаграмерчу агӀонехь йинчу комментареша а.

З.ЦОНТОРОЕВА
№81, эсаран (октябрь) беттан 23-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: