Чекхдаьллачу кIирнах Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь дIаяьхьира Россин денна лерина «Нохчийн Республикин къаьмнийн культурин дуьне» цIе йолу фестиваль.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн зорбанан а, хаамийн а министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима а, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Яхиханов Хьусейна а, иштта Нохчийн Республикин юкъараллин палатин векалша а.
Цхьаьнакхетар дIадолош Абдулмуслимов Сайд-Селима билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана регионехь дехачу къаьмнийн барт а, доттагIалла а хилийтарна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар.
«Вайна массарна гуш ду Нохчийн Республикехь адам паргIат дахийтархьама кхоьллина дерриге а хьелаш хилар. Къаьмнийн культура вовшашна йовзийта а, и кхиорехь къахьега а аьтто а бу. Вайн мехкан уггаре а коьртачу дезчу денойх Россин де. Оцу дийнахь Россехь дехачу къаьмнийн таро ю вовшашца долу гергарло ч1аг1дан. Ткъа гергарло а, доттагIалла а чIагIдахь вайн кхане кхин а маьрша а, ирсе а хир ю», – элира министран заместитела.
Цул тIаьхьа Абдулмуслимов Сайд-Селима дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тахана вайн махкахь болу машар хилийтарехьа шен са дIаделла хиларх а, ткъа иза вай диц дан йиш цахиларх а.
Яхиханов Хьусейн Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Абдурахманов Дукхувахин цIарах маршала хоттуш вистхилира. Цо даггара декъалбира фестивалан декъашхой а, дийнна мохк а Россин денца.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, хаамийн а министерствон цIарахь Абдулмуслимов Сайд-Селима фестивалан декъашхошна баркаллин кехаташ а, сийлаллин грамоташ а елира.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш баьхкинчеран самукъадоккхуш концерт гайтира, гIалагIазкхийн а, туркойн а, месхетинцийн а, гIезалойн а, ж1айхойн а, оьрсийн а, ногIийн а, гIумкхийн а культурийн туьшийн белхахоша.
Билгалдаккха деза цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство хилар.
А.АДАМОВ
Авторан сурт
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо