Карарчу беттан 19-чохь дуьйна электронни визанех пайдаоьцуш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъара «Северный» аэропорт.
Интернета чухула йоккхуш йолу электронни виза белхан а, туризман а, гуманитарин а, хьошаллин а Ӏалашонашна лерина ю.
Нохчийн Республикин туризман министра Байтазиев Муслима билгалдаккхарехь, электронни визанех пайдаэцаро Россин субъекташкахь туризм а, инвестицийн васт а кхиор ду.
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де