Ерригроссин бахархой дӀаязбар жигара дӀахьош ду

Карарчу беттан 15-чохь дӀаболийна Ерригроссин бахархой дӀаязбаран (Всероссийская перепись населения) болх тӀебогӀучу беттан 14-гӀа де тIекхаччалц лаьттар бу.

Бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп ю цигахь:
1. Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ);
2. «Госуслуги» портала тӀехь;
3. Бахархой дӀаязбархой дӀасалеларехь.

Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржу шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.

Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабо, билгалйоху шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой тӀеязбо, и.дI.кх.

№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: