Кенхи юьртарчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдойтуш ю А-Хь.Кадыровн цӀарах йолу юкъараллин фонд.
Шаройн кӀоштан префекта Р.Магомедовс билгалдаккхарехь, меттигерчу бахархойн дехарца 0,5 км некъ а, 2,8 км хин биргӀанаш а ю оцу юьртахь йохкуш.
ХӀинццалц шайн хӀусамашна тӀе гӀашлойн а, гаттий а некъаш (тачанаш) бен доцуш Ӏийначу меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах, хӀунда аьлча, машен а тӀеяххал шордеш ду гӀашлойн некъаш.
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де