Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин куьйгалхочо Р.Термулаевас довзийтина карарчу беттан 30-чу дийнера, тӀебогӀучу беттан 7-чу а дийне кхаччалц йолчу юкъанна Нохчийчохь хир болу бехкамаш.

И денош, Россин Федерацин Президентан В.Путинан Указаца, мукъа денош ду аьлла, дӀакхайкхийна ду.
Р.Термулаевас дийцарехь, ресторанаш а, кафеш а, махлелоран туьшаш а болх беш хир ю оцу муьрехь, амма, цига боьлхучу бахархошкахь вакцинаци яран хьокъехь тоьшаллаш, я QR-кодаш, я коронавирусан инфекци цахиларан тоьшаллаш хила дезар ду.
Иштта, туьтмӀаьжгаш лелор а, санитайзерех пайдаэцар а дицдан дезаш цахилар а хаийтина республикин Санитарин коьртачу лоьро.
Юкъараллин транспорта тIехь туьтмӀаьжгаш лелор тӀедожийна дуьсуш ду.
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де