Росгвардин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь дIадаьхьира крапийн береташ (таьIна цIен тIепалгаш) йолчарна совгIаташ дар. Оцу хьокъехь хаам бира ведомствон пресс-службехь.

Къоман гвардин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькама, инарла-майора Делимханов Шерипа къоман гвардин эскарийн эскаргIуллакххошна а, белхахошна а совгIаташ дира.
Уьш бара Росгвардин Ставрополан махкарчу дешаран туьшан базехь эсаран (октябрь) беттан 11–15-чуй деношкахь крапийн береташ лелон бакъо йоккхуш дIадаьхьначу квалификацин зерех кхиамца чекхбевлларш.
Бакъонашларъярхойн лаккхара хьуьнарш билгал а дохуш, цо территориальни урхаллин «ГIуллакхехь билгалваларна» мидал а, ткъа иштта, Сийлаллин грамота а елира Росгвардин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин ОМОН-н командирана, полицин майорана Бисаев Анзорана, «Терек» СОБР ГБР-н командирана, полицин подполковникна Лорсанукаев Сайдина.
Иштта, цунна дIаелира «Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь билгалваларна» некха тIе уллу билгало.
«ГIуллакхехь билгалваларна» мидалца совгIат дира могIарерчу Садулаев Тамерланна, «Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь билгалваларна» некха тIе уллучу билгалонца а, Сийлаллин грамотаца а совгIат дира лейтенантана Аташев Идрисана, лахарчу сержантана Абдулхаджиев Мовсарна, ефрейторна Мукаев Рамзанна, могIарерчу Мусаев Хизирна.
Цхьаьнакхетарехь территориальни урхаллин куьйгалхочо билгалдаьккхира бакъонийн къепенан эскарийн белхахоша кест-кеста шайн говзалла лакхаяккха езаш хилар.
Делимханов Шерипа тидам тIебахийтира крапийн береташ лелош берш массо а хIуманна тIехь масал хилла латта безаш хиларна.
Иштта, мехала ду шайн хаарш, зеделларг бIанакъосташна дIадовзийтар, Нохчийчоьнан крапийн беретийн юкъаралла кхиор а, алсамъяккхар а.
СовгIаташ далар а, къамел дар а дерзош, инарла-майора дIахаийтира эскаргIуллакххойн а, белхахойн а кхул тIаьхьа а Даймахкана гIуллакхдарехь а, Россин а, нохчийн халкъан а дуьхьа къахьегарехь а баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.
Д.АНАДЕВ
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де