ЧIерийн шорто кхуллу

сурт

Цхьана хенахь Нохчийчохь боккха тидам тIебохуьйтуш гIуллакх дара чIерийлелор. Оцу сурсаташца бахархойн хьашташ  дуьззина кхочушдарна тIехьажийна регионехь кхоьллинера дийнна цхьаьнакхетаралла, шена чуйогIуш оцу Iалашонна лерина йолу инфраструктура а йолуш: Iаьмнаш  оьшуш болу гIирсаш, махлелоран сеть.

Цхьаболчарна тахана а йицъялаза хир ю леррина чIерийн сурсаташ (шайна юкъахь дийна чIерий а тIехь) дохкарна лерина хилла  Соьлжа-ГIалара «Океан» туька. Малхбалера, Къилбаседера, Малхбузера схьаузуш долчу сурсаташца цхьаьна дикка йоккха меттиг дIалоцура цу чохь республикин Iаьмнашкарчу сурсаташа а: йовхонехь а, шелонехь а дакъийна чIерий, тайп-тайпана консерваш, гIорийна чIерий. Аьлча а, хьаштахочун таро яра арахьара деанчаьрца цхьаьна вешан цIахь кечдинчу чIерийн сурсаташна юкъахь шена оьшуш болу харжам бан.

И зама дагайогIучара дагна вас хиларца дагалоьцу тахана и хан. Шайна дуьхьал нисделларг дерриге а хIаллакдеш, чIанадоккхуш чекхбевллачу тIемаша и дерриге а хIаллкхдира. ХIинца,  цхьадика,  республикин кхидолу дакъош а санна, цуьнан экономикина хаъал йоккха хазна юкъайилла доладелла чIерийлелоран и дакъа а. Iуналла деш ца хиларе терра дакъаделира дукхах долу Iаьмнаш, хIаллакйинера царна тIехь йина леррина йолу гIишлош, доь дайра меттигерчу чIерийн. Жимма бахамаллин гIуллакхаш лело аьтто болуш дисинарш дуьххьалдIа ГIуларера Iаьмнаш бен дацара. Уьш дисар а доккхах долчу декъана дуккха а шерашкахь цигахь белхаш беш хиллачу чIерийлелорхойх доьзна а дара. Вайна дика хууш ма-ду тIом бахьана а хIиттош, мел бахамаш хIаллакбина. Изза хир дара кхузахь а, нагахь шайга кховдийначу гIуллакхах дог лозуш берш Iаьмнашна орцах ца бевллехь.

Дуккха а шерийн белхан зеделларг долуш хиллачу оцу чIерийлелорхоша доккха маьIна лелийра Нохчийчохь и дакъа юха меттахIотто долош а. Ма-дарра аьлча, кхуллуш йолчу чIерийлелоран предприятин бух хилла дIахIоьттира иза (вай лакхахь хьахийначу шерашкахь ша хилла а ма-хиллара) 2004-чу шарахь республикехь чIерий кхиор, уьш бахархошна дохкар Iалашо юьхьар а лаьцна болх дIаболочу хенахь. Цигахь кхио долийра йоццачу хенахь кхуьуш долу, шайн лаккхара сурсаталла хиларца къаьсташ долу карп, кIайн а, къорза а толстолобик, кIайн а, Iаьржа а амур чIерий.

И дакъа жигара кхуьуш хиларна тоьшалла до дуьххьалдIа хIокху терахьаша. Тахана предприятехь шайх пайдаоьцуш 56 хин объект ю, 1130 гектар гергга майданаш дIа а лоцуш. Дийнна схьаэцча шарахь юккъерчу барамехь 700 тонне кхаччалц долу чIерий бахархойн шуьне а кхачош. ХIора шарахь бохург санна алсамйовлуш а лаьтта уьш. Иза гойту Аргун гIалахь стохка бан болийначу, 27 гектар майда дIалоцуш болчу Iомо. Цу чохь кхио билгалдеш ду бакъчIерий.

2013–2015-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь чIерийлелоран дакъа кхиоран хьокъехь  тIеэцначу леррина йолчу программица нийса а догIуш, беш бу и Iам. Иза гIуллакхана юкъабалоро кху шарахь Iаьмнаш чуьра лоьцу долчу чIерийн барам 770 тонне дIакхачо шайн аьтто хирг хиларх тешна бу чIерийлелорхой. Хьалхахьа яккха билгалъечу гIулчийн юьхь бен ца лору цара иза. ХIора шарахь чIерийн барам  алсамбаккхарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш ду предприятехь деш.

Республикехь уггаре а сиха кхуьучу дакъойх цхьаъ хилла дIахIоьттина чIерийлелор. Шена хьакъ йоллу меттиг дIалоцу махлелоран сетехь (предприятера дийна чIерий бен дац тахана базаршкахь духкуш дерш). Цуьнга хьаьжжина алсамдер ду чIерийлелорхоша регионан экономика кхиорна юкъадуьллу долу дакъа а.

Л.АБУБАКАРОВ

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: